Кабулехь автобус эккхийтина
Куьйгайина (СВУ) оьккхуьйтург чохь йолу автобус эккхийтина Кабулехь. ОвхIанистанан коьртачу шахьаран полисхойн 5-гIа дакъа лаьттачу кIоштахь дина зулам. Khaama Press хьостано дийцарехь, цхьа стаг вийна цу эккхийтарехь, 10-нна чевнаш йина. Tolo News телеканалан информацица, студенташ хилла автобус чохь боьлхурш. Ишта билгалдоккху, шолгIа кхи цхьа эккхийтар а хилла цигахь бохуш, амма цунах лаьцна кхачаме хаамаш бац. Цкъачунна динчу эккхийтаран жоьпалла цхьана а террорхойн организацино шена тIелаьцна дац.