Кокорин а, Мамаев а набахте хьажорна дуьхьал ву Кадыров
Ишта Кадыровс билгалдаьккхина, ша и шиъ бакъвеш цахилар а. Шаьшингара даьллачунна Кокорин а, Мамаев а дохковаьлла хиларна, маьIне ца хета шена и шиъ чуволлар аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Карладоккху, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавеллера и шиъ.
Москохарчу Тверскойн кхело ГIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Кокорин а, Мамаев а чохь вуьтуш сацамбина.