Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"ХIара цхьа къематан де ду". Нохчийчохь цIе ца йоккхучу лазаро лаьцна нах дукха хIунда бу?

Дуьненахь а рак цамгарна дуьхьал къийсам латтон де ду Чиллан-беттан 4-гIа. Оьрсийчоьнан официалан статистико гайтарехь, онкологин лазаршца нах кIезиг хиларца йоллу пачхьалкхехь билгалъяьлла ю Нохчийчоь. Оцу терахьех ца теша бакъоларъярхой, мелхо а хьал ийгIина догIу боху цара. Масех бахьана довзуьйту бакъоларъярхоша, цамгар марсаяларан: махкара экологи хIаллакхилар а, тIамо йитина хьу а, могушалла таллар а, дарба дар а шайн чоьтах хилар а.

Стохкалера шо долалуш Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министралло дIахьедира, Нохчийчуьрчу 100 эзар бахархошлахь рак цамгар токхуш 1043 дархо ву аьлла (цул а лахара терахь гойту Дагестанехь а, Тувахь а). 2017-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц оцу гайтамехь республика "уггар а могуш" мохк бу Оьрсийчоьнан субъекташлахь аьлла, дIакхайкхийра.

Ткъа муха таро хир ю массо а цIе ца йоккху лазарца болу нах чоьте эца йоллу Нохчийчохь цхьаъ бен онкодиспансер а ца хилча, лоьрех чекхволуш ахча а шен кисанара дала дезча? Стохка Лахьан-баттахь цIе ца йоккху цамгар талларехь ахчанаш кхоочу Оьрсийчоьнан регионашлахь къастийначу мехкийн могIарехь нисъелира Нохчийчоь.

Соьлж-ГIаларчу онкодиспансерехь яккхий раьгIнаш лаьтта. Дукхахболчу цомгашчарна улло ваьлла гергара цхьаъ-шиъ стаг ву. Дархой хирургин декъан коридор чохь гулбелла бу. Шийла ю кху чохь. ГIийла болх беш хаало лаьттахь хIоттийна йовхо лун гIирс. ТIехула йоьхначу бедаран нодарчий дIа а тийсина, куьйгаш йа кисана дехкина, йа некха кIел чучча дахийтина хевшина Iаш бу уьш. Хадархойн чоьнан неIарна тIе латийна кехат ду,  "ЦIе ца йоккхучу лазаран доIа" аьлла, тIеяздина.

Вовшашца гергарлонаш тийсина оцу наха, вовшийн цIераш а хаьа царна, хоьтту цара дарба муха хуьлу, олу вовшашка "Дала маршалла дойла! Са ма гатде, дерриг а Делан карахь ду" олий, дерзадо цара шайн къамелаш.

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу дархоша шайн-шайн лазарх дийцира, шаьш цуьнца муха къуьйсу а, иштта, махкахь рак цамгарца болчу нахана лоьрашкара хуьлучу гIоьнах а.

 

Раиса: "Доьзалехь бер цомгаш делахь, шен ойла ца йо дас-нанас"

Соьлж-ГIаларчу цхьана поликлиникехь болх бечу 54 шо долчу Раисин цIийнда Iабдурахьаман кхелхира стохка аьхка. Иза валале шо хьалха аз галделира цуьнан, йиш хаьлча санна, юьхь тIера бос макхбеллера. Эххар а шен аз дайча бен реза ца хилира иза лоьрашна тIеваха. Цуьнан лаг долчу агIор тромб а, дестар а гучуделира.

Даунан синдромца йолчу шайн итт шо долчу йоIана хьажийнера цара боллу ницкъ а, карахь мел долу ахча а. Лазарца йолчу цуьнан бIаьрса дерриг а дIадайра тIаьххьара а.

Нагахь санна хьан чохь цомгуш доьзалхо велахь, дас-нанас шайн ойла ян а ца йо – иштта кхетадо Раисас шен цIийнда гIад дайначул тIаьхьа бен дарбан хIусаме ца вахар.

"Суна гуш яра цуьнгара йоллу симптомаш, амма ша дика ву олура цо. Цкъа а Iедал дацара цуьнан могушалла ялхош, хIунда аьлча, даим а тхайн йоI ядийна лелара тхо, тхайн ойла а ца еш. ТIаьххьара а къар ца елира со, махкарчу онкодиспансерехь а, цул тIаьхьа БуьритIе вигина а, цуьнан могушалла таллийтира ас", - дуьйцу Раисас.

Соьлж-ГIалахь а, БуьритIехь а массо процедурех Раисас луш хиллера ахча. Лоьраша бахарехь, лаг дестар дацара новкъа, оцу меттигехь пхенаш тIедовлар дара халаниг. Цхьа хан яьлча могушалла эша юьйлира Iабдурахьаман. Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусаме вигира иза Раисас.

"Оццу сарахь телефон туьйхира цо соьга, ша цIа вигахьара ахь аьлла. Ас хаьттира, хIун хилла, амма цо цхьа а бахьана ца дийцира. ЧIогIа дийхира, ша цIа вига аьлла. ВаллахIи, цо иштта ма элира соьга: "Ахь со тахана цIа ца вигахь, кхана сан дакъа кхочур ду хьуна". Са бIарзделла со, балхара яьлча цунна тIаьхьа яхара. ШолгIачу дийнан делкъал тIаьхьа велира иза лога тIера тромб бахьана долуш. Лоьраша деллачу кехата тIехь ишта яздина а ду", - дагалоьцу Раисас.

Ковид хиларца тоьхна дозанаш бахьана долуш, иза цIийндена тIе а ца йитира. Iабдурахьманца къамел хиллачул тIаьхьа Раисас дукха телефонаш йиттинера лоьрашка, шен хIусамдена хиллачунна тIаьхьа кхиа гIерташ. Амма лоьраша олуш хиллера цуьнга, телефонаш еттачу ахьа новкъарло йо шайна цунна дарба лело.

Ша кхо бер кхобуш ю тахана Раиса, цу тIе могушалла а яц цуьнан.

"Йиш хаьлла ю со хIинца а. Иза кхелхинчул тIаьхьа легашкахь цхьа шад хIоьттича санна ю со, хIинца а хаало суна иза", - боху зудчо.

Шегара хьал талла дагахь лоьрашна тIеяханера Раиса, амма биопси ян еза аьлча, дохкоелира: "Со чIогIа кхоьру оцу биопсих, сайна цхьаъ хилахь бераш хьажа стаг воцуш дисарна саготта ю со. Делан пурбанца, цкъачунна тасаелла схьайогIу со, балха а лелаш", - дерзийра шен дийцар Раисас.

Нура: "Тоххара ишта яьржина яцара онкологи"

ЦIе ца йоккхучу лазарца йолу 59 шо долу Нура, химин терапиях чекхйолуш ю. Дуьххьара диспансерехь лоьрех чекхйолуш шен пенси охьадиллира цо. Лазар къаьстина, операци йинчул тIаьхьа, цо бахарехь, мехаза дарба дора цунна, компьютеран а, магнитан-резонансан томографи йоккхуш а цхьана ца доьхура ахча.

Лоьраш "тIехдика" шега хьожуш хиларх, шена дарба лелочу говзанчан корматаллех йоккхаюьйш дуьйцу Нурас. Цуьнца къамел динчул тIаьхьа, шена гIоле хила йоьлча санна хета шена боху зудчо.

ХIетте а, Нохчийчоь рак цамгар йолу нах кIезиг болчу регионашлахь ю бохучух шеконаш ю Нурин: "Делах дуй ма буу аса, мел дукха нах бу вайн онкологин лазаршца" Дала тоьхна гIуллакх ду – и лазар кегийчаьрца а гучудолуш хилар. 18, 20, 25 шераш долу бераш догIу-кх шайн дайшца-наношца, кегий ма бу уьш. Онкологин лазарца болчу нахах дIаюьзна ю-кх поликлиникаш".

Цомгаш зударий дукха хилар стенца доьзна ду аьла ца хIоьттира иза.

"Со хууш яц и стенца доьзна ду. Тоххара онкологи ишта яьржина яцара. Наггахь бен ца хуьлура оцу лазарца стаг, ткъа тахана, мичча хьо ваьлча а – онкологин лазарш ду-кх", - аьлла, билгалдаьккхира зудчо.

Табарик: "Карантин хIоттичхьана оцу молханех ахча луш яцара со"

41 шо долчу Шеларчу Табариках хьакхаелла зударийн цамгаршца йоьзна рак гучуелира Саратоверчу клиникехь, иза шен йоI юьгуш яхча. Цигахь этIийра иза, цIа еанчул тIаьхьа Соьлж-ГIалахь а, Шелахь а хIоттийначу онкодархойн тептаре язъяйтира цо ша.

Хьалхха лазар гучудаьлла хиларна, химиш ца йойтуш, дирзира цуьнан гIуллакх. Карарчу хенахь, цо дийцарехь, шен-шен заманчохь мехаза луш долу цхьацца молханаш а моьлуш, схьайогIуш ю иза. Меттигера лоьраш-онкологаш хестабо цо, къаьсттина республикерчу онкодиспансеран белхахой билгалбохуш.

"Саратов а яхана хир ма яцара со, вайн цIера лоьраш а суна мегаш ма бу. Сайн гергара нах болчу тIейоьсинера со, цигахь гучуделира и лазар, тIаккха операци яйтира. Вуьшта аьлча, тоьлла онкологаш бу вайн республикехь, къаьсттина онкодиспансерехь. Мел оьшу дарба кхузахь до суна. Масала, карантин хIоьттичхьана оцу препаратех цхьа сом делла дац ас. ХIинца юха а УЗИ-х чекхъяла езаш ю со, цигахь а мах бала ца беза", - дуьйцу цо.

ТIаьххьарчу кхаа шерачохь махкахь цIе ца йоккху лазарш совдуьйлу аьлла хета цунна. Амма цхьана Нохчийчохь бен иштта лакхара терахь дац бохург а, нийса ца хета цунна.

"Саратовехь клиникехь Iиллина со. Изза хьал лаьтта цигахь а – йоллу дарбан хIусамаш дIаюьзна ю-кх онкологица болчу нахах: къаной а, кегийнаш а. Цхьа вайн нах бен цига боьлхуш бац бохург а ма дац бакъ, тхан палати чохь со цхьаъ яр-кх кхечу къомах", - билгалдоккху Табарика.

Валид: "Массо а хIуманах ахча дала дезара, "физраствор" йоцург"

60 шо долчу Валидан ракан дестар бахьана долуш стохка цхьа жим дIабаьккхира. Ша дарбанаш лелочу оцу еххачу заманчохь мах боцуш цхьа молха а, цхьа а гIо а кхаьчна дац цунна. Лоьраша мел яздина молханаш шен кIанта латтадо шена, боху цо.

"Физраствораш" йоцург, кхечу массо а хIуманах ахча дала дезара. Масала, анестезиологна 5 эзар сом делира Валида, дIабаьккхина жим шена "дIабоуьйтург" 3 эзар сом делира. ХIинца а кхеташ вац иза, стенна дийхира шегара 3 эзар сом, цуьнан жим цхьанхьа а дIа а ца хьажийра, дарбан цIийнехь цуьнан карабелла хиллера.

Бакъду, шена дечу дарбанна реза ву Валид. Даймахкахь лоьрех чекхваларна а, дозанал арахьа дарба дайта квота ца ехна а дохко ца ваьлла иза. Iаламат лакхара корматалла йолуш бу, боху цо, онкодиспансерера шена дарба ден лоьраш, хIора а шен-шен цIарца дагахь лаьтта цунна уьш.

Нохчийчохь цIе ца йоккхучу лазарца дукха нах хилар "къематан де" ду боху цо: "Со хилла вац Оьрсийчуьрчу кхечу дарбан хIусамашкахь, амма, вай долчахь рак йолу нах алсам бу аьлла хета суна. Республикан онкодиспансеран коридораш чохь дерг – цхьа къематан де ду. Къаьсттина дукха нах хуьлу УЗИ а, КТ а яйта хIиттийначу раьгIнашкахь.

ШолгIачу жимца проблемаш йолуш дарбан хIусамашкахула лела тахана Валид. Цо дийцарехь, 30 эзар сом цхьана курсах а луш, деза дарба хьехна цунна хIинца лоьраша. Тахана ахча дIа ца делча, цхьа а гIуллакх чекх ца долу боху цо, цундела воьхна ца хьийза ша, мах охьабилла безарна.

Химин герз а,  "Оьрсийчоьнца "йохк-эцар"

Дукхахболу нохчий дарба лоьхуш Евробертан пачхьалкхашка боьлху, цундела официалехь билггал долу онкодархойн терахь лахара хила мега. КIезиг бац меттигаш, йа шеца, йа шен доьзалхочуьнца рак хилар даймахкал арахьа хууш. ХIинцца дуьненчу девллачу берашца рак гучуяьлла, царна дарба дан ахча доьхуш, дукха хаамаш баржабо нохчаша ватсапехула.

Европехь вехачу бакъоларъярхочо Ахъядов Iийсас бинчу тергамца, цунна евзачу хIора хIусамехь йа цомгаш хилла, йа хIинца а лазар токхуш стаг ву.

1990-чу а, 2000-чу а шерашкахь Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь лелийна химин герз а, кхинболу бихкина тIеман гIирс а бахьана долуш а, республикера экологин хьал ледара хиларна а ду аьлла, тешна ву иза.

"Статистика йийцар маьIне дац, йоллу республика ю ун даьлла", - элира Ахъядовс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Шегахь архиван материалаш ю боху Ахъядовс, бала лайначара а, и дерриг гинчара а дуьйцуш, химин герз диттина хиларх а, иштта, Куьршала кIоштара дарбанан хи тIемаш боьлхучу хенахь бехдина хиларх а. Нохчийчуьрчу исс вахархочунна тIехь химин герзан лараш хилар ша тIечIагIдина боху цо, божарий а, зударий а, бераш а уьш хилар билгалдоккхуш.

"Наха дуьйцура, сатосучу заманчохь минометашца тохарш дира бохуш. Цул тIаьхьа нах са а дукълуш, охьаэгара боху. Цхьаболчарна дестарш хуьлура, тIаккха дегIа тIехь цIенчу басахь жIамарш хIуьттура. Халла бен бист а ца хилалора, боху", - дагалоьцу цо.

Азербайджанехь ша Ичкерин векал волчу хенахь, Ахъядов Iийсас ша уьйраш туьйсура боху дуьненаюкъарчу организацешца, дуьненан терго Нохчийчурчу хьолана тIеозорхьама. Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран Комитете а, "Доза доцчу лоьрашка" а, Дуьненаюкъарчу могушалла ларъяран организаци а волура ша боху, ишта, Азербайджанехь куп тоьхначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн миссица цхьанакхетарш а хилира шен.

"Кхоазза гIоьртира дуьненаюкъара говзанчаш Нохчийчу кхача, амма аьтто ца хилира. ТIаккха сацамбира, лазийначийн а, байъинчийн а дегIа тIехь дисинчу цIийн анализ яккха, химикаташ лелийний хьожуш. Цара тIечIагIдира, химин герз диттина хилар. ЦIечу ЖIарехь а хууш дара цунах лаьцна, Нальчикехь координатор вара церан", - кхетадо Ахъядовс.

Цо бахарехь, цхьа а жоьпалле озон аьтто ца белира, хIунда аьлча, "Оьрсийчоьнан президентца Путинца йохк-эцар" долийра. Юьйцурш ю Iаламан ресурсаш а, мехкдаьтта а, газ а.

"Соьгахь материалаш ю, 15 шарахь тIаьхьаваьлла лелла со оцу проблемана сагатдеш. Диллина герзаш а детташ, бомбанаш йоьттийла ма дац хIинца, хIунда аьлча, маьрша дахар ду аьлла, цхьа кеп хIоттон ма еза, делахь а, нах хIаллакбан бахьана-м карийна. Хуьйцуш яц биргIанаш, молу хи боьха ду, хи гуллуш йолу меттигаш а ю тергамза латтош", - охьадагардира цо.

ТIеман хенахь химин герзаш лелорах  тоьшаллаш гулдеш, Нохчийчохь белхаш беш хиллачу бакъоларъярхочо Гишаева Зайнаба а дагалоьцу, махкахь хи бехдина хиларх.

"Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу муьрехь Итон-Кхаьлларчу  Гухой олучу эвла даханера тхо. Суна евзачу цхьана зудчун деваша веллера, уьйтIахь латточу бочки чуьра хица ламаз эцначул тIаьхьа. Масех де даьлча цуьнан даьIахках жижиг дIахеда доьллера, куьйгаш тIера доладелла. Дукха ца Iаш кхелхира иза", - дуьйцу Гашаевас.

Химин герз лелийна хиларх тоьшаллаш ду цуьнгахь, шеца Европе дIадаьхьна цо уьш. Дуьненан юкъараллан тидам тIеозо гIоьртира иза, Нохчийчохь лаьттачу хьолана, тIеман зуламаш лелийначарна таIзар а дойтуш.

Дуьненаюкъарчу майданашкахь, иштта, Европарламентехь а цхьана, дукха далхийра цо, амма цунна жоп луш стаг а вацара, "Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх" ду иза, бохуш. Санкцеш тохахь а, цхьа яйн хуьлура уьш а.

"Европерчу пачхьалкхашкахь оцу тIамна дуьхьал дош ца олура, Оьрсийчоьнан газах довларна кхоьруш. "Кхетий хьо, Оьрсийчоьнца тхайн цхьацца юкъаметтигаш ю тхан – газ, экономикан зIенаш" аьлла, жоп луш берш а нислора", - дагалоьцу цо.

Делахь а, "хIинца дуьне а кхечу агIор хьажа доьлла Оьрсийчоьне", цундела дегайовхо лаьтта бехкечарна таIзар дийр ду аьлла, билгалдоккху Гашаевас.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Поморье тестируют робота для проверки внутреннего состояния труб



Мода

"Чек Индекс": Продажи новых марок одежды и обуви выросли за год в России на 10 проц




Українські новини

Рушникосушки від Hygge Family: європейські стандарти якості на українському ринку



Новости 24 часа

Героическое участие армян в СВО. Часть третья



Game News

Музыкальную игру Blue Wednesday с глубоким сюжетом выпустили на iOS



Москва

К московскому общежитию РУДН приехали 5 пожарных машин после сообщения о взрыве



News Every Day

Tyson Fury vs Oleksandr Usyk undercard: Who is fighting on huge Saudi bill?



Происшествия

Военные следователи провели в Судаке проверку лиц, не вставших на воинский учет



Москва

Коды 250 и 550 появятся на автомобильных номерах в Московской области



Григорий Лепс

Лепс отдыхает: звезда «Пацанок» Михеева била телефоны фанатов на концерте в Москве



Москва

Коды 250 и 550 появятся на автомобильных номерах в Московской области



Даниил Медведев

Медведев сыграет с Бубликом в Мадриде 



Москва

Регистрация Авторского права. Регистрация объекта авторского права. Регистрация Авторского права на книгу. Регистрация Авторского права на музыку.



Динамо

Минское «Динамо» победило «Днепр» в чемпионате Беларуси



Симферополь

В районе Симферополя появится крупный жилой микрорайон - ЖК "Республика"



Москва

Актерское агентство Киноактер. Актерское агентство в Москве.



Москва

Собянин: Уникальная спецтехника помогает бесперебойной работе метро Москвы



Москва

6 городов России, где можно увидеть белые ночи кроме Санкт-Петербурга



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Первый в России электромобиль Tesla Cybertruck заметили на Москве





Путин в России и мире
Москва

Пашинян подготовил "подарок" Путину к его инаугурации. Запад будет доволен


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

«Набей им морду, покажи им, что ты настоящий белорус». Лукашенко о поездке спортсменов на Олимпиаду




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Цинизм зашкалил: Елена Зеленская повеселилась в Киеве с герцогиней Эдинбургской


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Тимати

«Смотреть было брезгливо»: мама Тимати отреагировала на интервью Алены Шишковой



Москва

Всего 1,18 млн рублей за новую Lada Vesta. В Белоруссии стартовали продажи Lada Vesta Black Line

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net