Окуева Аминин цIе тиллина Киеверчу урамна
"Евромайдан йолаяларца Амина Викторовна дIакхийтира цуьнан декъашхойх, иза лор яра 8-чу "ОвхIанан бIаь" олучу тобанан. Украинин малхбалехь тIом боьдуш «Киев-2» батальонан тIемалошна юкъахь Окуевас дакъалецира Дебальцево Iалаш еш хиллачу тIамехь, шена тIедиллина декхарш кхочуш дира Чернухинохь а, Луганщинехь а. Дудаев ЖовхIаран царах машарбаран батальон кхуллуш дакъалаьцна йолу Окуева пресс-эпсар яра цу батальонехь, аьлла ду Киеван администрацин хаамехь.
Оццу хаамца, Окуева Амина кхелхира 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь Киеван кIоштахь иза чохь йолчу машенна герз тохар бахьана долуш. ДIайоьллина Днипрохь.
Киеван администрацино билгалдаккхарца, ураман цIе тиллар дийцаре дира Киеван гIалин администрацин веб-порталехь стохка Марсхьокху-беттан 10-хь дуьйна ГIадужу-беттан 10-гIа де тIекхаччалц. Цуьнан декъашхойх 89% наха кхаж тесира керлачу урамна Окуева Аминин цIе тилла еза аьлла.