Чергазойн жигархо Кочесоко Мартин мукъаваьккхина цIахь лаьцна латторах
ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Лаккхарчу кхело юхабаьккхина "Хабзэ" олучу юкъараллан куьйгалхо Кочесоко Мартин шен цIахь лаьцна латто бина сацам. Цунна бехке дуьллуш ду наркотикаш латтор.
Мангалан-бутт чекхболуш юкъараллин жигархочун кхел йинера лаьцна шен хIусамехь латто. Кочесокос дийцарехь, полисхоша, кисина наркотикаш а тесна, ницкъ а бина, мукъарло дайтинера цуьнга ша бехке хиларна.
Жигархочун дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна вуно боккхачу барамехь шен хIусамехь наркотикаш латторна. Оцу статьяхула цунна тоха мегаш ду колонехь даккха 10 шо.