Хьал-де Iалашдечу компанино гаранти ца ло Путинан цIерпошт Къилбаседа Кавказехула ца бухуш лелийта
Оьрсийчохь уггаре йоккха ларалучу Iедалан а, нехан а хьал-де Iалашдечу "СОГАЗ" компанино президентан Путин Владимиран цIерпошт ца эцна шен Iуналле Къилбаседа Кавказехула лелачу юкъанна. "№I цIерпошт" кхерамзаллехь кхаба "Транспортан "Россия" комбинато" (президентана некъан хьашташ латтош йолчу урхалло) барт бо оцу компаница. Керла барт хIоттийна кхушаренна а. Амма и барт ца хьакхало ерриг а Оьрсийчоьнан некъех – шена тIе ца эцна компанино цIерпошт хьовзамех Iалашбан Нохчийчу, Дагестане, Къилбаседа ХIирийчу, ГIалгIачу кхаьчна нислучу ханна. Читать дальше...