Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
10 шо хьалха шен букъ тIехьа Алханов Iалуца барт каро гIиртинчарна къинтIера ца ваьлла Нохчийчоьнан куьйгалхо. Зама хьалха Iедал къовса арабевлла лелларш зуьйш бу Кадыров Рамзанан го. «Бевзашбоцчара» лачкъийна парламентан депутаташ Гаибов Идрис а, Магомаев Шемал а, зама хьалха лерринчу ницкъийн буьйранча лаьттина Ахмадов Артур а.
2011-чу шарахь Арутюнян Ашот верна бехке ву аьлла, Екатеринбурехь толлуш ду Нохчийчуьрчу вахархочунна Хасаев Мовсарна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх. Хасаевн хьокъехь гIуллакх луьстучу юкъанна цуьнан адвокаташ духатоха йиш йоцу тоьшаллаш далийна, иза гунахь цахиларан, амма хIетте а иза бехкала хьарчо гIерташ материалаш вовшахъетта талламхоша. Цул совнах, Хасаев шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь. Иза бакъхиларан тоьшаллаш до 100 стага.
Оьрсийчоьнан регионашкахь долчу социалан-политикан хьолах рогIера хетарг Iорадаьккхина "Петарбухан политика" фондо. Баттахь хиллачу 30 хиламна юкъахь ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Краснодарера Соьлжа-ГIала вало маса аьчкан некъ бар дийцаредаккхар. Политологаш 11-чу метте диллина и алар. "Кавказ.Реалии" портале фондо кховдийначу кехат тIехь Кхарачойн-Чергазийчохь финансийн министраллехь талламаш бар 20-чу меттигехь лерина. Пенси воьду хан тIетохарх хилла дискуссеш 1-чу могIарехь ю... Читать дальше...
Садовская Алена Чергазийн жигархоша кест-кеста валхош хиллачу блоггеро Ширманов ша хIинца Iамеркахь ву боху Кхо кIира хьалха йиттира Краснодарерчу нийсолехархочунна Ширманов Евгенийна. Цул тIаьхьа цIейиллира хIусамах. Шена зулам динарг Адыгейра полисхой бу, аьлла, даржийра цо. Оцу бахьанашца хIинца ведда Оьрсийчуьра. Боьха хабарш ма дийца аларна йиттира Адыгейн Тахтамукайн кIоштарчу Яблоновский (Кощхьабл) юьртахь вехачу блогерна Ширманов Евгенийн цIенна цIейиллинера бахначу беттан юккъехь бевзашбоцучара. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Iедал мафица дустуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенаторан Кеннеди Джонан дешнашна комментари йитина Кремлехь. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс сенаторан дIахьедар "стереотипаш" а, "русофоби" а гучуяккхар ду аьлла. "Оха ца леладо цIен-сирла куьзганаш, тхуна дика къаьсташ ду Iамеркан политикан истеблишмент (Iедалан коьртехь берш): шайн стереотипийн йийсарехь а, буьрсачу русофобин Iаткъамехь а хилар", - аьлла Песковс. Оцу юкъанна цо билгалдоккху, "ша цу дешнех дикка кхеташ цахилар"... Читать дальше...
ГIалгIайчоьнан республикан 26 шо кхачарна лерина барамаш дIахьур бу тIедогIучу шоьтадийнахь Несарахь, хаамбо мехкан синбахамаллин министраллан зорбанаша. Байначу беттан 4-чохь билгалдаьккхира ГIалгIайчохь 26 шо кхачар, амма урхаллан векалша дийцарехь, мархийн бутт хиларна дIететтинера шуьйра даздарш. Оцу бараме кхайкхина бу дуккха а арахьара хьеший, шайлахь иллиалархо Согдиана а, ГIалгIайчоьнан халкъан артист Димаев Iела а волуш.
Нохчийчохь вийначу тIемалочун 22 шо долу ваша лаьцна Ростовн кIоштахь. Социалан "ВКонтактерчу" машанехь Къилбаседа Кавказан декъа тIехь гIаттамхойн болам бакъбеш аудио а, видео а материалаш а яржорна бехкевина и жимстаг. "360" телеканало бо и хаам. "Оьрсийчоьнан Iедалхошна а, эскархошна а, пачхьалкхан бахархошна а дуьхьал къизаллаш лелор кхайкхош, динашлахь мостагIалла марсадоккху билгалонаш йолу материалаш оьхкина хилла цо шен агIон тIехь", - дийцина телеканална ницкъаллийн структурехь. Цхьана ханна Ростов гIалахь латтош ву лаьцнарг... Читать дальше...
Махкахь теплицашкахь кхиочу хастоьмех магийна йоцу химикаташ а етташ, нахана юкъахь дIавш дийлар даьржа аьлла, социалан машанехь яьржина информаци бакъ ца йина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лерина комисси а кхоллий, Нохчийчохь кхион стоьмаш а, хастоьмаш а таллар тIедиллинера ша, зераша гайтина даьржина хабарш бух боцуш хилар аьлла мехкан куьйгалхочо. Регионеахь кхиочу стоьмех, хастоьмех, хих махкарчу бахархоша пайдаэцна ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а мехала юьйлу. Читать дальше...
Дахначу кIиранах Геленджикехь "Ретро" кафе хьалха къизаллица нохчо вийна аьлла, хаам баьржира социалан машанашкахь. 24 шо долчу хIирин Кокоев Артуран а, Нохчийчуьрчу 21 шаре ваьллачу Ажиев Мохьмадан а дов даьллера, полисхой юкъа а гIерташ. Ши довхо дIа а къастийна, полисхой юьстахбевллачу юкъанна Ажиевн дагах урс тоьхна, къайлавала аьтто хиллера Кокоевн. Гинчара тоьшаллаш дарехь, Кокоев а, цуьнан накъостий а каьркъа мелла хилла. Социалан машанехь лехамашка ваьккхинера Кокоев нохчаша а, гIалгIаша а. Читать дальше...
Нохчийчоьнан прокуратурано талла долийна дахначу пIераскандийнахь Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийне далийначу беран хьокъехь гIуллакх. Болчу хаамашца, баккхийчеран тергонера ваьлла цхьа шой, итт буттий хан йолу кIант уьйтIа хIоттийначу бассенчохь велла карийнера. Тергоне эцна талламхоша, хIун бахьанашца делла бер, мича хьелашкахь бехаш хилла доьзал, бераш кхиорехь а, лардарехь а шайн ден-ненан декхарш муха кхочушдеш хилла а оцу доьзалехь.
КIирандийнахь Москох мила ву цахуучо йиттина пачхьалкхан Думан депутатна Жигарев Сергейна, шен евзачу зудчуьнца машен чохь иза хиина Iачу заманчохь. "Московский комсомолец" газетано дийцарехь, Нохчийчуьра Тимур цIе йолу стаг ву депутатах леттарг. Пачхьалкхан Думехь экономикан политикан комитетан куьйгалла ден Жигарев стохка дуьйнна Казанерчу моделца Ольгица гергарло лелош хилла. Официалехь зуда а, кхо бер а ду депутатан. Газетан хьосташа дийцарца, даим дезачух совгIаташ деш хилла Жигаревс йоIана, "Мерседес" машен а эцна хилла. Читать дальше...
Шен лаамехь герз Iедале дIаделлачунна кхаъ луш къепе хIоттийна Нохчийчуьрчу Iедало. Мехкан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша хааме даккхарехь, шайн лаамехь герз а, патармаш а, лоьлхуьйтурш а бахархоша Iедалхошка дIакхачаяхь дуьхьал мах лур болуш бу царна. Регионан дозан тIехь ларамза карийна герз дийцарал совнах, дуьйцург ду махкахоша къайлах шайгахь Iалашдийриг а. Республикехь зуламашна профилактика ярехь йолийначу пачхьалкхан программин гурашкахь билгал ма даккхара, оцу Iалашонашна ахча регионан бюджетан чоьтера лур долуш ду аьлла ду хаамехь.
123ru.net — информационный сайт, транслирующий новости города Вашего города онлайн. Всё, что происходило и происходит в городе — в оперативной ленте ежедневных новостей в интерактивном режиме на сайте 123ru.net.
Самые свежие новости Вашего города, а также полный архив ежедневных событий города с аналитикой, комментариями и прямыми ссылками на источники информации. Местные городские, авторитетные региональные и популярные федеральные новостные агентства и телеканалы — в одной ленте новостей, упорядоченные по времени публикации и с обязательным указанием первоисточника информации. Ничего лишнего. Всё о чём говорят, пишут в газетах и блогах, показывают по телевизору и транслируют в интернете — из первых рук.
123ru.net — самый полный календарь значимых и не очень событий Вашего города, в Вашем городе и о Вашем городе вчера, сегодня и прямо сейчас — от пользователей нашего сайта в режиме онлайн. А также — актуальные статьи и мировые новости.
Если же Вы проживаете в городе Вашем городе или у Вас есть просто интересная информация о городе и горожанах мы всегда рады разместить её на нашем портале с указанием в публикации Вашего авторства. Пишите нам на электронный адрес: mail@29ru.net. Создайте свой блог и, если он будет интересен, то Вы получите совершенно бесплатно баннер и прямую ссылку на него, размещённую на всех страницах региональных интернет-ресурсов нашей веб-группы, а это — более 1 000 000 просмотров в месяц.
123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.
Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.
123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.