Кадыров: цIеначу экологехь вай кхиочу сурсатийн мах охьабаккха гIерта цхьаболу нах
Регионеахь кхиочу стоьмех, хастоьмех, хих махкарчу бахархоша пайдаэцна ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а мехала юьйлу. И питане хабарш даржочара сатуьйсу, "вайн цIеначу экологехь кхиочу сурсатийн мехаш охьадовларе" аьлла, дIахьедина Кадыровс.
Иштта жоьпе озор бу аьлла мессенджерашкахула харц хаамаш баржораш.