Шема:даIишхоша дIатесна гуолаьцна хилла Ярмук
КIирандийнахь Демаьшкана гергарчу гIаттамхойн тIаьххьарчу Ярмук анклавера арабаьхна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхой аьлла, хаамбо Лондонехь куп тоьхначу адамийн бакъонаш ларъечу Шеман группано. Рейтер агенталло билгалдаккхарца, и дакъа арадаккхаро юхаметтахIоттор ду президентан Асад Башаран ражо оцу кIоштан Iуналла дар. Шеман пачхьалкхан зорбанаша хьаха ца дина, Ярмукехь мухIажирийн купна гергара анклав дIатаса исламхошна бакъо еллачу бертах. Шоьтадийнахь шемахойн тIеман хьостано бакъ ца дира, юкъахь барт хилар. Читать дальше...