Шема:даIишхоша дIатесна гуолаьцна хилла Ярмук
Шеман пачхьалкхан зорбанаша хьаха ца дина, Ярмукехь мухIажирийн купна гергара анклав дIатаса исламхошна бакъо еллачу бертах. Шоьтадийнахь шемахойн тIеман хьостано бакъ ца дира, юкъахь барт хилар.
Ярмукан анклавехь шен урхалла меттахIоттарца, Шеман Iедалша хIаллакйийр ю тIаьххьара гIаттамхоша гуо лаьцна Шеман малхбузера кIошт. Амма Туркойчоьнан а, Иракъан а, Урдунан а дозанехь йолу территореш юьсуш ю Асада караерзонза.
Мониторинган тобан векалша хаамбина, буьйса юкъал тIехъяьллачул тIаьхьа анклав чу яьхкинчу автобусаш тIехь тIемалой а, церан доьзалаш а дIабигарх.