Бастрыкина толлур ду Домодедовера гIаьттина кема дохар
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара вуно мехала гIуллакхаш толлучу урхаллина тIедиллина Подмосковьехь хилла бохам таллар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Талламан комитетан пресс-релизехь. Ша Бастрыкин вахана кема охьадоьжначу метте. Цо шен куьгалле оьцур ю талламхойн тоба. ТIехь 71 адам долу Орске доьду Ан-148 некъахойн кема доьхна кIирандийнахь Подмоковьерчу Раменски кIоштахь, Домодедово аэропортера гIаьттина масех минот ялале. Адамаш делла.