Чиллан-бутт болабелчхьана бомбанаш йиттина 1000 сов маьрша адам дийна Шемахь
ДIадаханчу кIиранах цу махкахь вийна 300 гергга маьрша вахархо. Царах дукхахберш байина Оьрсийчоьно гIо деш йолчу Шеман тIеман кеманаша тохарш а дина.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно чIагIдарехь, иза уггаре а кIоршаме еана хан ю, Шемахь 2011-чу шарахь тIом болабелчхьана.
Израило Шемахь бомбанаш а, ракеташ а йиттинчул тIаьхьа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин секретаро Гуттериш Антониос кхайкхам бина, Шемара хьал сихонца маьрша даккха аьлла.