Евроберто эхашарна дIаяхъйина Оьрсийчуьрчу бахархошна тоьхна санкцеш
Ишта дихкина европхошна аннекси йинчу ахгIайрина инвестицеш хьажор а, цигахь чу-ара ца баккхалун бахам эцар а, йохка-эцарш цигахь лелор а.
Кху аьхка Италин премьер-министро Конте Джузеппес ша реза цахилар дIахаийтира, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш дIаяхъярна. ХIетте а, тIаьхьо шен Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца хиллачу цхьанакхетарехь "хила йиш йоцург" ду элира цо, Москохна дозанаш ца деттар.