Министр: Нохчийчохь Навальныйн бат йохор ю
Цо урхалла дечу Росгвардехь хьарамлонаш лелорах талламаш бинчул тIаьхьа Навальныйс гучудаьккхича, гвардин YouTube-каналехь зорбане яьккхира Золотовс шен видео.
Оппозиционерах Навальный Алексейх "мутте отбивная" йийр ю ша аьллачу Росгвардин куьйгалхочунна Золотов Викторна тIехIоьттира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
Цунна хетарехь, "шен а, ша урхалла дечу Росгвардин эскархойн а, пачхьалкхан а сий динчу Золотовс яхьйоцчуьнга бехккховдор нийса ду". Кадыров тешна ву, Росгвардин куьйгалхо – "Бакъволу къонах ву", ткъа цуьнан оппонент – "чагIалкх" ю аьлла.
Ишта Кадыров шеконашкахь ву, Навальный Золотовца къовсалур ву аьлла. "Даим а санна, ша Iехочу кхиазхойн а, дозанал а арахьарчу шен спонсорийн а букъатIехьа лечкъар ву иза", - аьлла, яздира Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIонехь.
НСН-нна еллачу интервьхь министро Умаровс дIахаийтина, ша Золотовгахьа хилар.
"Золотовс яьккхина гIулч нийса хета суна. Кхи дIа а садеттийла яцара сийдоцчу Навальныйна. ХIан-хIа, Золотовца дуэле волу тайпа вац Навальный. Къонахалла тоьар яц цуьнан", - дIахьедина Умаровс.
Оьрсийчоь доггах езачара лоруш вац Навальный. Бат йохор ю цуьнан, деха а, доца а ца дуьйцуш аьлла хета нохчийн министрна.
ХIара дуьххьара меттиг бац коррупцица къийсам латточу Фондо Iорабохучара дуьхало латто Навальныйна. Хьалхо миллиардеран Усманов Алишеран бахамаш гучубаьхнера Фондо.
ХIетахь цхьа могIа дуьхь-дуьхьал видехаамаш а кхехьийтина дирзира гIуллакх, яздо Газета.ру хьостано.