Омскан кIоштарчу колонехь велла Темерханов Юсуп
Буданов Юрий верна чувоьллина Темерханов Юсуп велла Омскан кIоштарчу колонехь. Цунах лаьцна "Маршо Радион" корреспонденте хаам бина цуьнан гергарчара.
Темерханов чувоьллинера, 15 шо хан а тоьхна. Цуьнан шичас дийцарехь, тутмакх кхелхина набахтан клиникехь.