Венехь йина 7 шо долу йоI Нохчийчохь дIаюллур ю
Оцу юкъанна, йийначу йоьIан доьзална Венерчу Iедалхоша гIалин кхечу кIоштахь петар елла. Шайн йоI йийначу меттигна гергахь баха гергарчийн дегнашна деза дара.
Маршо Радионо шен тергонехь латтийра дахначу пIераскандийнахь Венехь ворхI шо долу йоI ер. Цуьнан дакъа нехаш кхуьйсучу гIутакх чохь карийнера полисхошна. Хьем ца беш тIекхиира меттигера полици йоI йийначунна. Луларчу доьзалера 16 шо долу Роберт К. хиллера иза. Ша бехкехиларна мукIарло а дира цо.
"Кавказ.Реалиин" информацица Венерчу "Йозефштадт" цIе йолчу изолятор чохь латтош ву Роберт К.