Новости Челябинска
Мы в Telegram
Добавить новость
Другие новости Аши и Челябинской области на этот час
Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"Сан коьрта мостагI – Путин". Украинерчу нохчийн батальонан командирца ЧIебирлойн Муслимца интервью

Оьрсийчоьнан тIеман агрессина дуьхьало латто Украинехь керла нохчех тоба вовшахтухуш ю. ХIинцале йолу, шайн лаамехь вовшахкхеттачийн герзашца лелачу – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарахчу вовшахтохараллаша- дIахьедар дина, шаьш украинхойн эскаршкахьа тIемаш беш хиларх. Цо оьгIазло ца гIаттайойла а дацара Соьлжа-ГIалахь: Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вистхилира цаьрга герз охьадилла аьлла, иштта цо ахмиллион долларш кхайкхийра оцу тобанийн лидерийн коьртех.

Шейхан Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, мила ву шен мостагI, Кадыров баккъал а ша тIе стенна ца оьцу а, Нохчийчуьра байинчу ницкъахойх Москвано довзуьйтучу ларарех хIунда теша мегар дац а.

– Кадыров Рамзана хьан коьртах 500 эзар долларшкахь ахча лур ду аьлла. Хьуна муха хета иза?

– Дуьххьара хезаш ду суна и, сан йиш яц оцу тайпа туьйранашка ладегIа. И бераш кхуза дайъийта схьахьежош ду цо, ткъа ша цига охьа а хиина, коьртех кепекаш мехаш хIоттош ву. Цо гуттар а олура ша Путинан пехотинец ву, Путинан лай ву, Путинан салти ву, дуьненан муьлххачу маьIIе дIа а вахана, Путинехьа тIом бан кийча ву ша. Цундела, ма хьийсабе кхуза хIаллакбайта и кегий нах, шена уллора нах а, лордаш (вуьйцург ву парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад.- Редакцин билгалдаккхар.) балош, ша схьавола. ТIаккха кхузахь оха къастор ду.

– Маса стаг ву шун тобанехь? Муьлш бу уьш?

– Маса ву, ас эр дац. Амма батальон кхоьллина 2014-чу шарахь, хIетахь важа тIом болуш [Донбассехь].Батальон кхуллучу заманчохь дукхахберш нохчий бара, цундела "Шейхан Мансуран цIарах нохчийн батальон" аьлла, цIе тиллира. Цул тIаьхьа йоллу Кавказера нах схьакхета буьйлабелира: гIалгIай, дагестанхой, гIебартлой, балкхарцаш, чергазий, азербайджанхой, хIирий. Амма уьш кхин дукха бац – хIора къомах масийтта стаг йа масех иттаннашкахь, богIуш- боьлхуш бара уьш. Ткъа хIинца доллу дуьненара, Европера схьаоьхуш дуккха а нах бу. Цундела оха вовшахъетташ керла тобанаш ю. Уьш кийча бу цхьанакхета Путинца а, Кадыровца а, Гитлерца а, Лукашенкоца а…Кхин мила ву цигахь?

– Хьуна, нохчочунна, бусулбачунна, стенна оьшу хIара тIом?

­– Тхоьга хаьттича, хIара тIом цхьана минотана а, цхьана а дуьненан маьIIехь тхуна оьшуш бац. Тхоьга кховдийна тIом бу хIара. Советан Iедал духучу заманчохь вовшахъевлла кхин йолчу республикаша а санна, Нохчийчоьнан республика Ичкерино дIакхайкхийра мохк бозуш боцуш хила лаар, суверенитет эшар. Оцу заманахь дуьйна проблемаш юьйлаелира тхан Оьрсийчоьнца. 1991-92-чу шерашкахь дуьйна йолийна ю диверсеш, тIелетарш, лелхийтарш. ХIетахь дуьйна оцу доллучунна юкъахь ву со. Оьрсийчоь официалехь 1994-чу шарахь, Нохчийчуьрчу оьрсийн Iедалхошна муьтIахь болчу, тхан куьйгаллица гамо латтийна оппозицин нахах дог диллинчул тIаьхьа, ша тIелетира 1994-чу шеран ГIуран-беттан 11-чохь. Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлла, ткъа тIом хIинца а сацаза бу.

Хьалхарчу тIамехь толам баьккхира оха, доллу дуьненна а хууш ду иза. ШолгIачу тIамехь, 1999-чу шарахь, шайн гIалаташ, кхачамбацарш, нохчийн къам цхьаъ хиларх а кхийтира уьш... Кеп-кепара бертан кехаташна куьйгаш дара теIийна, вовшех йозуш цахиларх а. И дерриг а долуш дара.

Цхьацца бахаьанашца ца девлла Нохчийчуьра дIадаха дийзира тхан. Виъ президент вийра тхан! Доллу буьйралла дина дакъа, дийна биссинарш дIабахара Нохчийчуьра. Цхьаберш юхабаьхкира.

Ткъа 2014-чу шарахь Украинехь тIом болабелча, оха сацам бира Украинехьа тIамехь дакъалаца, тхайн юкъара мостагI хIаллаквеш.

– 2014-чу шеран конфликт хиллачул тIаьхьа масех шо даьлча нехан, шун отрядехь хиллачийн, проблемаш юьйлаелира. Санкцийн тептаре бехира уьш. Украинехьара хIинца царна гарантеш юй?

– Яц. Цундела цхьа бертан кехат хIоттон хьийза тхо, и  дерриг а низамашца хилийта. Цхьана а кепара хеттарш ца хилийта. Тхуна хууш ду, мича бахьанашца ишта нисделлера.

– ХIун бахаьанаш дара?

– Киевна а, йиссинчу Украинана а тIелата кечлуш вара Путин. Цундела, 2016-17-чу а шерашкахь Минскехь маслаIат дIакхайкхийра, барт бира, оцу йоллу заманчохь доккха тIелатар дан кечлуш хиллера уьш. Оха тхайн тIемалошка а, Украинан кхерамзаллин сервисе а бехира: иштта доьрзур дац хIара, цара кечам бан тайм-аут эцна, тхан дозана тIехь, тхайн тIемашкахь тхуна гина хIума ду хIара, цхьана секундана а царах теша мегар дац, кечам бан  беза.

Украинан кхерамзаллин сервисехь тергал ца дира: тхуна хууш ду, тхо хьовсуш ду, кечам хIара бу аьлла, беш бацара. Ткъа цара, кечам бина ца Iаш, Украина, чуьра дуьйна тхох дIацIанъян лууш хиллера, тхоьга гIо ца дайта, тхох кхинберш схьа ца беттабалийта. Цара Iалашо хIоттийнера, СБУ-н цхьана дакъошкахь йа полицехь цхьанна кхаъ белла. Церан куьйгашца тхо дIадаха лууш хиллера. Тхуна хаьа, хIуммаъ а кIезиг ахча ца хьажийнера оцу гIуллакхна Царна хьалха хIоттийна Iалашо яра: шайн хьаштдолчунна и нах бехкебе, пачхьалкхера арабаха аьлла. 2018-20-чу шерашкахь украинхойн къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьне дIавелира тхан ши тIемало. Тхо дIадала буьйлалахь, тхо дIасадовдур ду, дегабаам хир бу аьлла, ойла хиллера церан.

Амма тхо ца доьвдира, кхетара ФСБ-н леррина операци и юйла, СБУ цунах кхетон гIерташ, кхузахь дисира тхо. Оха олура: "Нагахь санна, тхо бехке делахь, тхан бехк хилар тIечIагIде". ТIе ца чIагIдира бехк хилар, цхьана а тайпа тоьшаллаш дацара. СБУ-хь боху: "Оцу тептаршка оха яздина дацара шу". Полицино, дозанхоша, миграцин хьукмато а изза бохура. ТIаьххьарчу эхашерачохь дIайоьдуш ю и процесс, бехкениг кхин кара а ца вира, амма тхуна-м хаьа, и ФСБ-н а, Кадыровн а болх хилар. Цунах кхеташ долу тхо цхьанхьа а дIа ца дахара. Тхоьга олура: "ДIагIойша Туркойчу, Европе, оха шуна цу тIехь дуьхьало ца йо".  Тха цхьанхьа а ца дахара, сингаттам тIегIерташ буй а хууш, дисира. ХIинца кийча ду тхо украинхошца дуьхьало латто. Украина а, Киев а Iалашъян.

– Муьлш бу хьан мостагIий? Оьрсийчоь, оьрсий, Кадыров, Путин?

 

– ХIокху мIаьргонехь вайн доккхачу лаьтта тIехь сан коьрта мостагI ву Путин а, цуьнан раж а, цуьнан го а. Кадыров мила ву? Аша, журналисташа, цхьа хIума йина-кх цунах, ша къаьстина иза волуш санна. Кадыров - Путинан лай а, Путинан "шестерка" а ю. Дера тхуна халахета: Украинана тIелетта нохчий, нохчий чубаьхкина, бохуш. Нохчий чу а ца бахана, тIе а ца летта. Исторехь цкъа а мостагIалла хилла дац нохчийн Украинаца. Йа хир а дац. Шаьш нохчий ду боху, цхьа боьха хIуманаш ю уьш… Тхуна, цIий цIена долчу нохчашна, вас хуьлу. Оьрсийчоьнца хиллачу шина тIамехь Нохчийчоьнан цхьа миллион вахархочух 300 эзар стаг дIавелира! Кхин а 300 эзар стаг Нохчийчоьнал арахьа вехаш ву. Уьш бу, шаьш баккъал а нохчий ду ала йиш йолу нохчий. Ткъа и боьха хIуманаш – Путина хIиттийна нах бу.

Кадыровс ша нохчо ву бахахь, Луганскан кIоштал а жима йолчу Нохчийчохь иза ларвеш 100 эзар оьрсийн салтий стенна ву? Уьш уллохь боцуш иза ван а вац.

Нохчийчоьнан дозана тIехь закъалтехь болчу мискачу могIарерчу наха, шайн аьтто а, маршо а хилча, туьйнаш диттина, вуьйр вара иза. Амма Кадыровна хьалха лаьтташ бIе эзара стагах лаьтта арми ю. Царна тIехьа лечкъинчу цо боху, ша нохчо а ву, мохк меттахIоттош а ву.

– Массанхьа а кадыровхой бу стенна моьтту хIинца? Байинчу нахах яьхна дуккха а видеош ю. Гуш ду, уьш кавказхой хилар, хIаъ, амма оцу видео тIехь наха боху- уьш кадыровхой бу. Йа цхьахйолчу тобанна тIелатар дина- тIаккха юха а, кадыровхошна тIелетта. 2014-чу шарахь, масала, ишта дацара.

– ХIунда аьлча, 2008-чу шарахь, Оьрсийчоь Гуьржийчоьнна тIелеттачу заманчохь, хIетахь Цхинвале 56-гIа арми чуяханера, гуьржий дIуьхьала тийсалора, тIом хилира. ТIаккха кадыровхой чубахийтира, "Восток" олу батальон, цара схьаяьккхира Цхинвали. ХIетахь дуьйна уьш кечбеш бара – лата кечден жIалеш санна.

– "Восток" хIетахь Ямадаевн ма яра.

– Яра. ХIун бен ду? Батальонан куьйгаллехь вара иза, амма иза а кадыровец вара, Путинан стаг. ЯмадаевгIеран а, кхинболчу кадыровхойн а гIоьнца Iедале баьхкира, чIагIбелира, шаьш уьш байа а байира тIаьхьа. И коьрта ду. ЯмадаевгIарах пайдаийцира. КадыровгIеран доьзалан иштта таронаш яцара, ткъа ЯмадаевгIар хьалхарчу тIамехь тхоьгахьа тIемаш беш бара. Ялх-ворхI ваша вара уьш, чIогIа хIайтъаьлла а бара уьш.

Кадыровхойн тулгIе тIехь чекхбовла лууш бара, 2014-чу шарахь уьш кхуза хьовсийначу хенахь. Уьш дукха бацара, 200-300 стаг. ТIелатарна бухахь нисбеллера уьш, чам байнера церан, тIаккха дIабигира уьш. Украинана юхабовлархьама ца бигира, юха а бевлла, кхин а тIе кечам бархьама бигира. ТIемаш боьлхучу Шема а хьийсийра уьш, Iамош бара, кечбеш, юха а кхуза чукхийса. Путин царах тешна ву доккхачу декъанна: кадыровхой схьабогIур бу, массо а водур ву, цара чубогIушшехь ерриг а схьайоккхур ю аьлла. Хуьлуш дерг тахана гуш ду вайна. КIорнеш санна, оцу аренашкахь дIасакхуьйсуш бу уьш. Уьш къар ца ло, юх-юха керла ницкъаш чухоьцу. Цхьа нохчий хилла а ца Iа цигахь. Йоллу Кавказера вовшахтоьхна нах бу, кадыровхой бу бохуш, хьовсийна.

Йоллу Оьрсийчохь кадыровхойн харцонаш стенна магийна Путина? Уьш муьлххачу гIала богIу – муьлхха а мэро, депутато къурд олу царна хьалха. И дерриг а хIокху операцина кечам бан Iалашонца лелийна хIума дара. Уьш чIогIа бу, уьш цхьанга а эшалур болуш бац, цаьрга дерриг а дало бохуш, сурт хIоттош.

– Львовна гергахь кхин а цхьа отряд ю вовшахтухуш, Европехь бехачу нохчийн Ичкерин векалш юкъахь болуш аьлла, яьржина информаци муха тIеийцира аш?

– Масала, оха тхайца хила схьаоьцу тхайна бевзаш, йа цхьаммо тешийна, 100 процентна тхайн тешам болу нах. Мил-мила а оха схьаоьцуш вац. Цундела оха дукханна дуьхьало йира, ян а йо. Хетарехь, цундела тхоьца хила луурш, кхин а цхьанхьа гIиртина хир бу. Цунах новкъарло хир яц. Хилийта кхин а цхьа тоба. Дукха мел хили а, дикох ду, тхуна атта хир ду.

– Оцу кепарчу отрядех дIакхета аьлла, кхайкхамбира Ичкерин архьарчу Iедалан премьеро Закаев Ахьмада а. Цуьнца зIенехь дуй шу?

– Цхьацца хеттаршна тIехула телефонехула зIене дуьйлу тхо. ХIаъ, цо кхайкхамбинера шайн лаамехь вовшахкхета луучийн тобанаш кхолларх, тхо цунна реза а ду. Цхьа хIума ду: цхьанхьа вадар – цхьаъ ду, амма цхьа барт бича дика хир дара, тIаьхьа проблемаш ца хилийта.

2014-чу шарахь сихаллехь схьадаьхкинера тхо, дерриг а дешнаш тIехь дара, цхьа а документаш а доцуш Тхо кхуза гIоьнна кхайкхинарш, - украинхойн къайлаха сервисаш яра ала тарло, цхьаберш дIабевлла, цхьаберш кхечухьа дехьабаьхна. Официалехь кехаташ цахиларна, иштта хьал нисделира. Юха изза ца хилийта, тхайн ма-хуьллу низамашкахь къепе хилийта гIерта тхо. Муьлш бу ца хуу, оцу маркица болу нах кхуза ца кхачийта. Вовшех тешаш хилийта.

– Оьрсийн эскарера байинчу нохчех хаамаш буй шуьгахь

– Къаьстина информаци яц тхоьгахь, амма, официалехь Нохчийчохь байинчех довзийтина терахь – бакъ дац. БIеннашкахь эгийна уьш. Беларусерчу моргехь къайлабаьхьна уьш, цIа ца хьежош. Цундела оха боху Кадыровга: тхо йа цхьа кхин эшон лаахь, хьуо вола кхуза. КIилло стенна лечкъина Iаш ву хьо? Дайа и бераш кхуза схьа а оьхуьйтуш.

– Оьшуш хилахь, мичча хенахь а, стенгга а дIагIур волуш, шен 70 стаг ву ма бохура цо.

– Тхо реза ду! И 70 эзар стаг вовшахтоха, амма церан коьртехь иза ша а вогIуш. Уьш берш кхуза а хьажийна, ткъа ша цIахь Iар – уггар а ледарчу кIиллоно ден хIума ду иза. Ас ма ца бохуьйту сайн тIемалой цхьанхьа. Со сайчаьрца окопехь ву! Цара юург юуш, уьш буьшучохь дIа а вуьжуш. Цаьрца талла а воьду со, шаьш ца бохуьйту, сол а дуккха а къона а, тIахъаьлла а уьш боллушехь, суна атта дац цаьрца тарвала, амма хIетте а,  ас дерриг а до. Сан са ца тоь, уьш цхьанхьа дIа а хьажийна, чохь Iен, царех юха мила вогIу –те, мила ца вогIу-те бохуш, сагатдеш. Ткъа и Делах ца теша хIума чохь Iаш ю, и нах дIа а хьийсош. Ас цуьнга шегга дIа боху: иза кIилло ву, цундела цхьанхьа а ца воьдуш, чохь Iаш ву, и бераш дIа а оьхуьйтуш. Ша оццул чIогIа тешаме Путинан пехотинец велахь, шен 70 эзар а, оьрсийн 100 эзар салти а валош, кхуза схьавола. Тхо кхузахь ду! Тхо цуьнга хьоьжуш ду, тхо кху меттехь ду, цхьанхьа девдда а дац, юхадевлла а дац. Тхо иза ларвеш Iаш ду, охьа а хевшина Iаш дац тхо, чхьаьвригаш санна, оцу эскархошна тIе а йетташ Iаш ду.

– Цхьайолчу материалашкахь дуьйцу шух лаьцна, украинхоша Ичкерин суверенитет ларъечу ханехь гIо дарна, декхар дIалуш ду шу бохуш. Дукха барий иштта украинхой?

 

– Со цхьанна а цхьа а декхар дIалуш вац. Ас иштта аьлла дац цхьанхьа а, йа бохур а дац. 1994-чу шарахь шайн лаамехь баьхкинера украинхой, шайн ницкъ мел кхочу тхуна гIо а дира. Вийначу Белый Сашкос (Музычко Александр – Ичкеригахьа йолчу украинхойн тобанан куьйгалхо вара иза Нохчийчохь тIом боьдучу хенахь, Оьрсийчохь йихкинчу "Правый секторан" хьалханча хилла а ву, Евромайданан цхьахволу лидер а вара. – Редакцин билгалдаккхар.) цхьанхьа интернетехь и ролик хила езаш ю, шен отрядца Нохчийчохь волчу хенахь, цуьнга хаттар динера: "Нохчий- бусулбанаш бу, шу – керста. ХIун ду шу цхьаьна доьзнарг? ХIунда даьхкина шу нохчашна гIо дан?". Цо жоп деллера: "Нохчийчохь тIом ца баьллехь, оьрсаша Украинехь болор бара иза, цундела даьхкина тхо. ХIокху тIамца Нохчийчоьно кIелхьаряьккхина Украина, тIом шена тIе а озийна, тхан декхар ду гIо дан". 1994-95-чу шерашкахь а иштта олура цара.

ХIара гIуллакх доладеллачу хенахь, тхо Зеленскийн йа Порошенкон байракха бухахь даьхкина дац, президентана йа партина тIехIотта. Украинхойн къомана гIо дан даьхкинера, Украина Оьрсийчоьнан кара ца яхийта, шен лаамехь ехаш пачхьалкх иза хилийта. Тахана кхузахь къастош йолу мIаьрго чIогIа оьшуш, коьрта ю. Нагахь санна, Украина йожахь, Советан заманахь мел хилла йоллу республикаш эгар ю. Маршоне кхача шанс йовр ю Оьрсийчоьнна гонах йолчу йозуш йоцчу пачхьалкхийн. Тахана, нагахь санна, Украина къар ца лахь, иза массарна а шанс ю. Оцу доллучух кхета а кхеташ, тхо хьалха хьовсуш, хьалха доьлху. Оха цкъа а ца лелийна мостагIалла, кхин дIа а лелор дац. Кремлан рожан букъ кагбан сатуьйсу оха. Оцу тIера дуьйнна долалур ду вайн Кавказ а, хьийзош болу нах а Оьрсийчоьнан буйнара бахар.

***

Чиллан-беттан 24-чу буса Украинан дозана тIе чугIоьртира тIамца Оьрсийчоь. Доллу дуьненахь дIахьош митингаш ю, украинхойн къомехьа а, тIамна дуьхьал а. Украинехь тIемаш буьйлабелчхьана Оьрсийчоьнан 498 вахархо вийна хилар бакъдина  тIеман министралло. Нохчийчоьнан куйьгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, махкара ши эскархо кхалхарх. Кхечу зерашца, Украинана тIелетачу хенахь беллачу дуккхаъчу нохчийн декъий Беларусе кхоьхьуш ду.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Архангельск впервые принял Всероссийские соревнования по танцевальному спорту



Мир

Туристов из каких российских городов больше всего любят в Турции и Египте: россиянка поняла, каких русских там больше всего ждут






Новости 24 часа

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Game News

Always keep backups: an 'unprecedented' Google Cloud debacle saw a $135 billion pension fund's entire account deleted and services knocked out for nearly two weeks



Аша

В рамках Фестиваля духовной музыки в Сатке выступит мужской хор «Держава»



News Every Day

AML check crypto



Блоги

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Аша

«Сад памяти»: сотрудники РСХБ посадили более 3 000 сосен в память о погибших в Великой отечественной войне



Сергей Брановицкий

Снять свой Художественный фильм.



Аша

Челябинский сотрудник ГИБДД за деньги принимал экзамены у "двоечников"



ATP

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP



Челябинск

Подрядчик подал встречные иски к челябинской мэрии по делу о штрафах за неубранный снег



Культура

Куклы Ульгэра учат детей и подростков ПДД: Россия, Культура, Театр и Дети



Симферополь

Коллекция CD этномузыки экзотических стран представлена на открытии выставки в Симферополе



Аша

Лёгкие планеты: Россия вошла в тройку мировых лидеров по восстановлению леса



Челябинская область

Алексей Текслер поручил произвести компенсацию выплат по льготной ипотеке ИТ-специалистам



Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо отменить налоги в обществе.



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Аши — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Аши или других населённых пунктов Челябинской области мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Аше можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа в Аше и Челябинской области






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Аши и Челябинской области. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Аши — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в Челябинской области
Челябинская область

В России разработали экологичную упаковку из водорослей





Путин в Челябинской области
Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» помогает В.В. Путину улучшить либо вообще отменить налоги в обществе.


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Президент Камеруна получил послание от Президента Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский заявил, что обеспокоен заявлениями республиканцев в США


Навальный в Челябинской области


Здоровье в Челябинской области


Частные объявления в Аше, в Челябинской области и в России






Загрузка...

Загрузка...



Булат Окуджава

Самарцы исполнили стихи и песни Булата Окуджавы



Аша

Предложил подвезти подругу дочери: душегубу, убившему 11-летнюю девочку в Симе, вынесли приговор

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net