"Сан коьрта мостагI – Путин". Украинерчу нохчийн батальонан командирца ЧIебирлойн Муслимца интервью
Оьрсийчоьнан тIеман агрессина дуьхьало латто Украинехь керла нохчех тоба вовшахтухуш ю. ХIинцале йолу, шайн лаамехь вовшахкхеттачийн герзашца лелачу – шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарахчу вовшахтохараллаша- дIахьедар дина, шаьш украинхойн эскаршкахьа тIемаш беш хиларх. Цо оьгIазло ца гIаттайойла а дацара Соьлжа-ГIалахь: Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вистхилира цаьрга герз охьадилла аьлла, иштта цо ахмиллион долларш кхайкхийра оцу тобанийн лидерийн коьртех. Шейхан Мансуран цIарахчу батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима Кавказ.