Набахтешкахь, дин хийца бохуш, хьийзабо нохчий
Оьрсийчуьрчу набахтехь чубоьхкинчу нохчашна тIехь ницкъ бо, олий, кесст-кесста аьрзанаш даьржа шуьйрачу юккъараллехь. РогIера арз кхаьчна Тюмень кIоштарачу цхьана набахтера. Цигахь бусулба тутмакхашна гIелойо, керста дин тIеэца бохуш, леткъамаш бо цара а, церан гергарчаьрга а.