"Соьлжа-ГIалахь Iазапе атмосфера ю" аларна бехк цабиллар деха аьлла кхайкхам бина Дзюбе
Терек" (хIинца "Ахмат") футболан тобан тренер хиллачу Грозный Вячеслава реакци йина "Зенитан" форвардо Дзюба Артема, "Ахмат-Аренехь Iазапе атмосфера яра аларна, хаам бо Sports24 сайто. "Сан уггар тамехь а, дика хетарг а дара Соьлж-ГIалахь, ас цигахь "Терекан" коьртачу тренеран болх беш. Уьш деган йовхон хенаш яра ас цигахь болх беш хилларш, даима а гIортор хаалора суна куьйгаллера, хIора Соьлжа-ГIалан клубан футболе хьажархочуьнгара", - аьлла Грозныйс. Цо билгалдаьккхина, Дзюбас мегар дацара ишттаниг дийца аьлла. Читать дальше...