Стаг верна бехке хила тарлучу полисхошна дина таIзар юхадаьккхина Нохчийчохь
Аптекан долахо верна таIзар динчу Омаров Сайд-Мохьмадан хьокъехь хьалхарчу кхелан инстанцехь бина сацам юхабаьккхина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Иза вен а вийна, цуьнан машен лачкъийна аьлла, кхеле хIоттийначу Омаровн гIуллакх юха талла дIахьажийна. Хьалхо Омаровс бехкевира Кардашов лачкъорна нохчийн виъ полисхо, амма тIаьхьа шен дешнаш юхаийцира цо. Бакъо йоцуш Кардашов сацорна полисхойх шинна арахь яккха кхо шой, ах шой хенаш кхайкхийра, важа шиъ федералан лехамашка велла ву. 2017-чу шарахь... Читать дальше...