Нохчочунна Иркутскерчу СИЗО-хь гIело ярна гIуллакх долон реза ца хилар тIечIагIдина кхело
Нохчочунна Хайдаев Хьумайдана тIехь Иркутскерчу СИЗО-1 чохь гIело ярна тIехула гIуллакх долон реза ца хилар низамца догIуш лаьрра Иркутскан Кирован кIоштан кхело. 2020-чу шарахь луьрачу кепехь сацийна болу Иркутскан мехкан Ангарскерчу ИК-15 набахтин тутмакхийн гIаттам хиллачул тIаьхьа валийнера иза цига. "Iазапашна духьало яран комитетан" юриста Смирнов Владимира дIахьедира, "кхелан сацамца цхьанне агIора реза хила йиш яц". Масала, муьлхачу камерехь латтош хилла Хьумайд СИЗО чу воьллина дуьххьарчу деношкахь билгалдаккха ца хьаьжна таллам... Читать дальше...