Украинехь Iазапна кIел латтош ву нохчийн батальонан бIаьхо, боху адвоката
Имам Ушармин (Шайх Мансуран) цIарах йолчу нохчийн лаамхойн батальонехь гIуллакх дина Гуцаев Iаьлви кхобу къизачу хьелашакахь, Iазапна кIел ала тарлуш. Иштта дIахьедар дина Гуцаевн адвоката Левадный Александра кхелан ладегIаршкахь. 2021 шеран ГIура-баттахь дуьйна Киевна 130 километр юьстах йолчу, ханна стаг чувуллучу изоляторехь латтош ву нохчо, боху адвоката. "Итт дийнахь бен стаг чохь валлош а йоцчу изоляторехь ах ш оду иза кхобу, аьлла Левадныйс Киеверчу Шевченковски кхелехь къамел деш. Цо дийхира кхеле Гуцаев изоляторера дIахецар... Читать дальше...