Дийнахь-буса 24 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла а кхин а 273
ТIьаххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах велла 24 пациент, цомгуш хиллар кхин а 273 стаг.
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь – шишша, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – цхьацца. Пандемин муьрехь верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 10 178 стаг.
Уггаре дукха бу дийнахь буса цамгар кхеттарш Краснодар-махкахь, уггаре к1езиг – Къилбаседа Х1ирийчохь.
Краснодар-мохк + 94 (480 45 пандеми йолаелчхьана схьа)
Ставропол-мохк + 62 (54 571)
Дагестан + 39 (33 429)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 15 (24 270)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 395)
ГIалмакхойчоь + 12 (20 769)
Нохчийчоь + 11 (12 252)
ГIалгIайчоь + 10 (15 729)
Адыгей + 9 (14 645)
Къилбаседа ХIирийчоь + 7 (16 970)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус гучуяьлларг ву 261 085 стаг. Ерриг Оьрсийчохь*, Оперативан штабера Стигалкъекъа-беттан 27-чу денна болчу хаамашца, коронавирус хааелла 5 03 5207 стагца.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.