Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 10 стаг велла уьнах, цомгуш хилла - 425
Къилбаседа Кавказехь т1аьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах 10 вахархо велла, цамгаро лаьцна 425 стаг.
Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а велла кхоккха стаг, Г1ебарта-Балкхаройчохь – шиъ, Г1алмакхойчохь а, Нохчийчохь а – цхьацца. Коронавирус яьржичхьана схьа велла цунах Къилбаседа Кавказехь 810 вахархо.
Дийнахь-буса а, пандеми марсаяьлчхьана а цомгуш хилла:
Ставропол-мохк +96 (5487)
Краснодар-мохк + 59 (6218)
Дагестан + 55 (8080)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 47 (5204)
Кхарачой-Чергазийчоь + 44 (3774)
ГIалмакхойчоь +38 (1878)
Адыгей + 29 (2068)
ГIалгIайчоь + 26 (3138)
Къилбаседа ХIирийчоь + 22 (4092)
Нохчийчоь + 9 (1757)
41 700 стаг Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилар къастийна официалехь. Ерриг а Оьрсийчохь ун кхеттарг ву, Оперативан штабо Товбецан-беттан 3-чу денна бечу хаамца, 674 515 стаг.
Пачхьалкхан статистико довзуьйту терахьаш а, регионашкарчу уьнна дуьхьаллаьттачу штабаша гойту дарийн терахьаш а цхьана ца догIуш нисло дукха хьолехь – баларийн барамаш меттигашкахьчул лахара хуьлу Оперативан штабан. Легарш дар кеп-кепара хиларца йоьзна ю и башхалла, олу Iедалхошна.