Баттахь 1,3 миллион бен ца доккхуш ваха мел хала ду
Магомедов Назим Махкарчу хьолан юкъаметтигийн министр Газаров Алексей вуно доккха хьал долуш стаг ву, Канадехь эцна цIа а ду, шен бераш дозанал арахьа а кхиадо цо, боху Ставрополерчу журналисташа. "КоммерсантЪ" газета дара Газаров "Iораваьккхинарг", аьлча а, Канадера 160 квадрат метрах лаьтта цуьнан доьзалан (цигахь дехачу деа берах шинна тIеяздина) цIа довзийтинарг. Амма декларацеша кхин дуьйцу – цаьрга ладоьгIча, берийн долахь яц, царна Канадехь баха лаьцна ю и хIусам. "Регионийн депутаташ юкъаралло шайн болх... Читать дальше...