Белла я байъина? Нохчийчу юхахьажийна цигахь хIалалкбинчу дагестанхойх долу дов
Ницкъаша шайн махка диверсеш ян кхача воллура аьлла, Нохчийчуьрчу полисхоша 2016 шарахь вийна бархI дагестанхо бехкевеш Соьлжа-ГIалахь кхайкхийна хилла сацам юхабаьккхина Сочерчу кхоалгIачу аппеляцин кхело. Адвоката Сабинин Андрейс тоьшаллаш далийна сацам тIеоьцуш Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шегара дуккха а гIалаташ дийлийтина хилар, эшамхиллачара а, талламан тешаша а ден дареш экспертизашца догIуш дацар гойтуш. Дов юхатоллур ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Бехкебийраш бу Дагестанерчу Хасу-Юьртара Госенов Госен... Читать дальше...