Дагестанехь нехаш йохучу компанийн хьаькамаш бехкебо 235 млн сом лачкъорна
Лецнарш бу - "Лидер" компанин инарла директор Зуев Дмитрий а, оцу цхьаьнакхетараллин куьйгалхочун декхарш кхочушден Гаджимагомедов Мурад а, хаам баржийна республикерчу Талламан комитетан урхалло.
Талламчаша бахарехь, 2020-чу шарахь оцу шина хьаькамо а, цкъачунна Iорабовлаза болчу кхечу, "Керла гIала 2" компанин белхахоша а, низам а талхош, долаерзийна махкарчу масех кIоштахь гулйина хилла нехаш. Уьш хIаллакьян дIакхехьа езаш хилла Избербаше, амма охьайоьхкина Карабудахкентан кIоштарчу Агачаулерчу меттигашка. Иштта лахйина хьакамаша нехаш дIакхоьхьуш хила тарлуш йолу харж, амма цунах хилла пайда берзийна шайн кисанашка - 235 млн сом.