Шен йоIана хьакъйолу социалан сферин белхахо цIе йелла Кадыровс
![Шен йоIана хьакъйолу социалан сферин белхахо цIе йелла Кадыровс](https://gdb.rferl.org/01000000-0aff-0242-18b3-08dbc6336c10_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана сийлахь "хьакъйолу социалан сферин белхахо" аьлла цIе йелла шен 23 шо долчу шолгIачу йоIана Хадижатна (Карина). Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран депратаментан куьйгаллехь йу иза.
Цунна совгIат дарх Кадыровс хаийтина шен телеграм-каналехь, гIалина леринчу даздаршкахь совгIат далар нисделла.
Иштта "Даймахкана гIуллакхаш дарна" II –чу бараман орденан мидал йелла Кадыровс шен гергарчунна, Соьлжа-ГIалин мэран даржехь волчу Кадыров Хас-Мохьмадна, гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан президентан омраца цунна кхачийна хилла. Иштта кхин а цхьа могIа совгIаташ дIасадекъна.
Айдамиров Денина – Кадыровн хIусамненан вешин кIант а, Грозненскан кIоштан МВД-н урхаллин декъан хьаькам а ву иза – "Кадыров Ахьмадан сийн" мидал йелла.
Кху кIиранчохь шен йоккхаха йолчу йоIана Iайшатана нохчийн халкъан артист цIе йелира Кадыровс. Цунна совгIат дечу барамехь цо элира, артист цунах ца хилла дела и цIе луш йу ша аьлла.
Кхтин а де хьалха Iайшат республикан урхаллин вице-премьер хIоттийра, оццу даржехь ву цуьнан хIусамда Мацуев Висхан а, Хадижатан цIийнда – Алханов Адам а.
Алханов Адаман да - Алханов Руслан 19 шарахь республикин чоьхьарчу гIуллакхийн миниистр лаьттира, дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран (Центр "Э") Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна иза.
2016-чу шарахь Кадырова Хадижат "уггар а похIме" бер ду республикехь аьлла, къастийра дешаран министралло дIайаьхьначу регионалан "2016-чу шеран дешархо" конкурсан этапехь
Хадижат школазхойн дешаран департаментан хьаькам хIоттийра цуьнан 20 шо долчу хенахь 2020-чу шарахь. 2021-чу шарахь "Нохчийчоьнна беркате гIуллакхаш дарна" мидал йелира цунна. Ткъа 2022-чу шарахь регионан уггар а лакхара пачхьалкхан совгIат делира цунна – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.
США-н, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршка йазйина йу Кадырова Хадижат.
Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыров Рамзанан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.