Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"Доьзало йуьйр йу баьхнера". ГIелонах йедда нохчийн йоI лачкъийна кадыровхоша

Санкт-Петербургера полицин белхахоша Нохчийчуьра ницкъахошца цхьаьна  Сулейманова Седа лаьцнера марсхьокху-баттан 23-чу дийнахь. Шо гергга хьалха цIера йедда хиллера иза, динца дас-нанас Iаткъам барна а, "сий лардеш" ша йерна а кхийрина. Нахана гергахь йоI бехкейина къола дина аьлла, ницкъахой цхьаьна а болуш, Соьлжа-ГIала доьдучу кемана хаийра иза. ХIара дуьххьара хилла хIума дац, кадыровхоша харц бехкаш а дохкуш, махкара девдда зудабераш йухадуьгуш, билгалдоккху бакъоларйархоша.

Шо гергга маршонехь

26 шо долчу Сулейманова Седин доьзало шога лардеш ду бусулба дин. Цуьнга хьиджаб лелайойтура нуьцкъаша, ламаз дойтура, цунна товш доцчу Iадаташца лоьлуьйтура. Иза дуьхьал хилча "сий лардеш" йуьйр йу бохуш, кхерамаш туьйсура, дийцина кризисан "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас.

Стохка гурахь бакъоларйархошка гIо дехнера Сулеймановас, цара аьтто бира цуьнан республикера йодуш. Дечкен-баттахь кофейнехь болх нисбелира цунна, тIаккха Санкт-Петербургехь саца Iалашо хилира цуьнан. Цхьана жимчу стагаца йукъаметтигаш йолийра цо. Цул тIаьхьа ваша веанера цунна тIаьхьа, цо болх бен меттиг гучуйаьлла, цIа йола бохуш, тIедахкарш динера цо цунна

"Седас болх бечу кофейнехь вешица къамел дечу хенахь, цхьаъ чувеъча, вашас цхьана ханна маьрша йитинера иза, - дуьйцу Мирошниковас.- ТIаккха Седа кхечу неIарехула арайаьлла, йеддера. Сим-карта а дIакхоьссинера цо, болх а, хIусам а хийцира, амма Питерехь йиссира".

 

ЙоьIан доттагI хилла Кудрявцев Станислав цхьана дийнахь хIусамна чувоьддучохь сацийна хиллера могIарерчу нехан духарехь хиллачу йалх полисхочо – шиъ меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахо хиллера, виъ – Нохчийчуьра. Иза полицин декъе дIавига гIоьртинера уьш. Цо дийцарехь, Седе телефонехула дIахаийта меттиг ца битира цара.

"ТIебаьхкинчу нохчаша боху: "Оха мила лоьху хаьий хьуна?". Видеокамераша дIайаздинчунна тIера Седин даьккхина сурт гайтира. Царна неI ца йоьллийла дацара сан", - дуьйцу Кудрявцевс.

Эххар а йоI Санкт-Петербургера полицин декъе дIайигира, 150 эзар соьмана дашон хIуманаш лечкъийна цо аьлла. Бехк цо тIе ца лоцу. ТIаьхьо Питерера полисхоша нохчийн ницкъахошка дIайелира иза, цара "Пулково" аэропорте а йигина, Соьлжа-ГIала доьдучу кемана хаийра, тIетуху къамелдечо.

Кудрявцевс бахарехь, Седас книгаш йоьшура, пайдечу видеошка хьоьжура иза, хаза суьрташ дохкура цо: "Дерриг а цхьа дика дIадоьдуш дара, шена кхерамаш тийсар а дицдан йолайеллера иза. Схьайеачхьана чIогIа хийцайеллера иза- самукъане йара, стресс дIайаьллера".

Нохчийчуьра дайн гIиллакхашца йаха лаьа шена Седас бохуш, видео гучуйалахь, цунах теша мегар дац, тешна ву иза.

Иза лехар бахьана дара

Доьзалехь ницкъбина, Iа Iазапаш хьегна нах лецархьама, Нохчийчьура чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дахар а лелийна хIума ду.

Товбеца-беттан 12-чохь Москвара "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра арайолу 20 шо долу Исмаилова Селима а лецира. Хьалхо цо дийцинера бакъоларйархошка, дас доьзалехь шена ницкъбарх а, кхерамаш тийсарх а. Сулейманова Седин гIуллакхехь а санна, цо къола дина хилла аьлла, бахьана хIоттийнера – бакъоларйаран органашка а иштта дIахьединера цуьнан гергарчара.

ЙоI лачкъийна йухайигина кхо кIира даьллачу хенахь иза гайтира нохчийн пачхьалкхан телеканалехь. Исмаилована а, "цуьнан кхетамна тIехь психологаша болх бинера", ткъа цунна йодуш гIо дина бакъоларйархой "Малхбален агенташ" бу, Къилбаседа Кавказана дискредитаци йан гIертара уьш. Иштта элира цунах лаьцна Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура.

2019-чу шеран аьхка Нохчийчуьра цIера йедира 20 шо долу Сугаипова Заира – цуьнан нах иза маре йала хьийзаш хиллера цунна а ца лууш. Масех де даьккхира цо Москвара кризисан "Китеж" центрехь, амма иза карайеъначу цуьнан наха бертаза йухайигира иза а. Хьем ца беш "Грозный" телеканало сюжет гайтира, цу чохь Заирас бакъ ца дора, ша цIахь хьийзош хилар, "феминисташа хаздинера" шена цIера йада элира цо.

Кху шеран чиллин-беттан 16-чу буса Москвара аэропортехь сацийна, нохчийн полисхошка дIавеллера гей Арсамиков Идрис. Кадыровхоша шена тIехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа Оьрсийчуьра ведда вара иза. Нидерландашкахь мухIажаран статус а йелелра цунна, амма даймахка веанера иза шен ден тезета.

Иза лаца бахьана хIоьттира цхьана "ориентировкех", даймахка веанчул тIаьхьа республикехь шо гергга ваьхнера иза, хIинццалц схьа цуьнга хеттарш а ца хиллера полисхойн. Ша махка дIавигинчул тIаьхьа видео дIайазйира цо, цу тIехь бакъоларйархошка дехар дира ша Iадвита аьлла, дIахьедира зуда йалон дагахь хиларх а, Нохчийчуьра Iедалхоша шена кхерамаш туьйсуш цахиларх а.

 

2021-чу шеран аьхка Соьлжа-ГIалара ХIинжа-ГIаларчу кризисан петаре йедда йеара 22 шо долу Тарамова Хьалимат. Цул а хьалха кхаа баттана "ориентацина дарбадан" аьлла, Подмосковьера Invia Elite клинике охьайиллинера иза, иштта "жинаш лаьхкинера", цунна тIехь КъорIан а доьшуш.

Шелтерехь схьакарийра ницкъахошна йеддарг, дена-нанна хьалха йухайигира цара иза а. ГIо деш улло бевллера царна Дагестанера полисхой.

ТIаьхьо Хьалимат гучуйелира телехьожийлехь, коьрта йовлакх тиллина, камерана хьалха цо шена гечдар дийхира, "хьекъалх тилла" хIума динера ша элира. ХIетахь дуьйна цуьнан кхолламах хууш хIума дац. Кхузахь билгалдаккха догIу, мехкан урхалхочун гонерчу бизнехочун Тарамов Аюбан йоI иза хилар.

Кремло могуьйтург?

Бевддарш лоьцуш бехкзуламан гIуллакхех пайдаэцар кест-кеста нисло, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

"Доьзалехь ницкъбарх, гергарчара туьйсучу кхерамех уьду кегийн нах. Уьш кхета церан йукъараллехь дIахIиттийна лелаш долу Iадаташ дохадахь, шайна шога таIзар дийр дуйла, - кхин дIа дуьйцу бакъоларйархочо. – Оцу гIуллакхашкахь дакъалоьцу полисхоша, ган а гуш, шайгарчу бакъонел сов а буьйлуш".

Кхечу регионашка а боьлхий, цигара нах лечкъорна Къилбаседа Кавказера цхьа полисхо жоьпе озийна меттиг ца хаьа шена аьлла, тIетуьйхира Бабинеца.

"ТIаьхьа видеош гучуйуьйлу, цу тIехь лечкъийна бигинчара бехк цабиллар доьху, ирсе, хаза доьзалехь Iаш ду шаьш олу. Церан бовдар цхьа тиларчу бахана дина, йа эхь санна хIума лору, - кхетадо къамел дечо. – Вада эша а ца оьший олий, сурт хIоттало тIаккха. Цундела, цIахь гIело латторах вада луург мел а гена дIаваха веза. Нохчийн ницкъахой  шайна тIекхочур боццуче".

Вайна хуучул а алсам хила тарло оцу кепара нах лечкъор, тидамбо доьзалехь ницкъбинчарна гIо латточу Центран белхахочо Русова Софьяс. Зудабераш шаьш, бакъоларйархошка орца а ца доьхуш, оцу хьолера бовла хьийза. Царех лаьцна дийцарш гуттар нахала ца довлу.

"Оцу хиламийн терго йо, кеп-кепарчу муьрехь оцу бала хьоьгучу нахана гIо дан гIертачу бакъоларйархоша. Царна шаьш Iалашдан таханалерачу дийнахь дуьссург ду пачхьалкхера дIавахар,- тешна йу бакъоларйархо. – Дика адвокат хьан велахь а, дикка ойла йина ларйала стратеги хьан йелахь а, Оьрсийчохь хьо йиссахь, хьо маьрша йац. Къаьсттина, гIуллакх Къилбаседа Кавказера республикехь хилла делахь. Цигахь патриархалан низамаш ду, дуккхаъчу доьзалийн полисхошца уьйраш йу".

Нохчийн ницкъахоша оцу кепара харцонаш лелорах, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш а дохуш, ницкъаллин урхаллийн хьакамаша терго ца йо, дуьйцу цо.

"Оьрсийчоьнан Федерацин тIегIанехь ницкъахой кийча бац зударийн бакъонаш Iалашйан, уьш ца бойуьйтуш ларбан а. Лечкъийна йухабигинчул тIаьхьа оцу мехкарийн кхолламех лаьцна вайна хууш хIума дац", - тIетуьйхира къамел дечо.

Бух боцуш полисхоша бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохуш, оцу гIуллакхашца муьлхха а стаг лоцуш и практика чIогIа товш йу пачхьалкхана, билгалдоккху доьзалехь хьийзочарна тIехIуттуш кхоьллинчу "Марем" проектан куьйгалхочо Анохина Светланас.

"Ма-дарра дийцича, Кадыровн тIедахкарш дац уьш, оцу кепара пурба лург Москва йу. Цундела нохчийн практика йац хIара, Кремло Нохчийохь лелон хIума ду, шайна цатовш берш, резабоцурш лоьцуш, царна дуьхьал бух боцу гIуллакхаш дохуш, камера хьалха хIиттийна къурд олуьйтуш", - дерзийра Анохинас.

Доьзалехь ницкъбар – уггар а кест-кеста Къилбаседа Кавказехь нислуш дерг ду. Меттигерчу зударшна ницкъбо хIусамдайша а, кхечу доьзалхоша а. Даим а полицино иштта зуламаш тергамза дуьту, ткъа бехкзуламан гIуллакх деллахь а, кIезиг хан тухий, бовлуьйту.

Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 20I7-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.

Къилбаседа Кавказехь ницкъбар шен специфика йолуш ду:меттигерчу йукъараллашкахь зударша хIусамдайша йеттар диллина йемал деш дац, ткъа доьзал къаьстинехь бераш наношца ца дуьту кхелаша а цхьаьна, Iадаташна тIе а тийжаш. Ницкъбарх бевдда зударий полицин гIоьнца йухабалабо. Кавказ.Реалиин сайтан корреспонденто къамелаш дира, доьзалехь ницкъбина,  пачхьалкхера бовда дезначу зударшца а, бакъоларйархочуьнца а, юристаца а. Цара дийцаредира, вадар доцург, шайн бакъонаш Iалашйеш кхин дан амал дуй-те оцу нехан аьлла.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Express: АПЛ «Архангельск» представляет большую угрозу инфраструктуре НАТО



Здоровье

Волосы не выпадают, они стали гуще, а на лице разгладились морщины. Затрачивать можно 5 минут на массаж затылка, лба и головы




Українські новини

Монтаж димоходів та вентиляційних систем у Києві



Новости 24 часа

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: ПРИЗНАНИЕ НАТО НАДО ПРИМЕНЯТЬ!



Game News

Age of Sail: Navy & Pirates 1.0.1.13



Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде



News Every Day

'Hum bhi insaan hain': Pakistan allrounder Imad urges calm



Авто

Завершается устройство земляного полотна на дороге с мостом через Обь в районе Сургута



Москва

Пожарный из Тулы преодолел 113 км на соревнованиях по триатлону за 5 часов



Джиган

Жена рэпера Джигана Самойлова заявила, что не сбавит цену за роскошный особняк



Москва

Синоптики пообещали москвичам облачную погоду и до +28 градусов 16 июня



Андрей Рублёв

Теннисисты Рублев, Хачанов и Самсонова не сыграют на Олимпиаде-2024



Москва

Музей Победы ко Дню медика открыл новую площадку



Владимир Путин

Владимир Путин сенсационно получил ключевое признание от Н А Т О.



Симферополь

В Нижнегорском районе Крыма проведен рейд по бывшим мигрантам



Москва

травят изгоя писателя на районе даже менты тоже



Москва

Собянин рассказал, как электробусы помогают улучшать экологическую ситуацию



Москва

травят изгоя писателя на районе даже менты тоже



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Овчинский: ОЭЗ «Технополис Москва» увеличит выпуск электрогрузовиков





Путин в России и мире
Москва

Эрдоган сообщил, что Фидан и Путин обсудили выборы в курдских районах Сирии


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Виктор Цой

Гитаристов зовут играть Цоя. Массовый флешмоб устроят в Чите



Москва

Бакчада егылган әбинең күзе агып чыккан

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net