Мусаевана кхел кхайкхайале дира Милашинина а, Немовна а Соьлжа-ГIалахь тIелатар
![Мусаевана кхел кхайкхайале дира Милашинина а, Немовна а Соьлжа-ГIалахь тIелатар](https://gdb.rferl.org/01000000-0aff-0242-0b3f-08db7d27bad1_tv_w800_h450.jpg)
Товбеца-беттан 4-хь Iуьйранна Нохчийчохь къиза йиттина "Новая газета" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Мусаева Заремина таIзар кхайкхочу боьлхура уьш – цунна кхел йира Соьлжа-ГIалахь 5,5 шо тоьхна. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсира Милашинина.