World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"ГIайби бухахь лардо". Нохчийчоь, Дагестан, ГIалгIайчоь – банкехь кIезиг ахча латтадо

Банкехь ахча латточу регионех хIитточу рейтингашкахь Къилбаседа Кавказан дукхахйолу республикаш еххачу заманчохь тIаьххьарчу могIаршкахь нисло. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, оцу кепарчу статистикех бахархошна тIедогIу рицкъ кIезиг хиларна ду аьлла кхетор нийса хир дац – шайн гулдина ахча пачхьалкхана гуш хилийта адам кхоьруш хилар а ду цигахь.


2022-чу шеран жамIашца Оьрсийчоьнан цхьана вахархочунна догIург юхалерича (статистикана юкъахь ю аннекси йина ГIирма а, Севастополь а) бахархоша банке дуьллу ахча 259 эзар сом ду юккъерчу барамехь. Оцу гайтамца тIаьххьарчу меттигашкахь даим санна ю ГIалгIайчоь (13,6 эзар), Нохчийчоь (17 эзар), Дагестан (32,3), Кхарачой-Чергазийчоь (42 эзар). Оцу юкъанна стохкалерачу шарца дуьстича, дукха дацахь а, мел а алсамдаьлла хаало оцу регионашкахь банке дохку ахчанаш.


Уггар дукхаха кхиар билгалдаьккхина Нохчийчохь. Мехкан бахархоша шарахь гулдинчу ахчанан барам 23% лакхабаьлла, кхин а сов лакхара го цхьана Ненецкан автономин гонашкахь – 59%. ХIетте а банке дохкучу ахчанийн юккъера барам Нохчийчохь 15-ззар лахара буьсу йоллу пачхьалкхе хьаьжча.


Цул совнах, Къилбаседа Кавказан республикаш дикка тIаьхьа ю, шайца цхьаьна федералан гонашна юкъа йогIучу луларчу Ставропол-кIоштана. Банке дуьллу ахча юккъерчу барамехь 120 эзар сом ду Ставрополехь – иссоза бохург санна алсам ду и ГIалгIайчохь долчул, доьазза Дагестанехьчул а.


"Цхьа ши эзар дуьсу"

Оцу статистикан уггар а гуш долу бахьана хета – къоьлла а, лахара тIебогIу пайда а аьлла, тешна ву Дагестанера "Яблоко" партин куьйгалхо Эседов Альберт.


"Банках тешар-цатешар, йа и цахилар дац кхузахь дуьйцург. Иза доьзна хила тарло, бахархошна тIебогIу пайда, сурсатийн мах а оццул боллушехь, лахара хиларца. Доьзалехь бюджет йайаран структура а оцу регионашкахь муха ю аьлча, дукхахболу бахархой дагахь бац шайгарчу ахчанан цхьа дакъа банкашка охьадилла", - дуьйцу къамелдечо.


 




Къилбаседа Кавказан республикаша дуккхаъчу шерашкахь дIалоьцу рейтингашкахь тIаьххьара могIарш школехь хьехархоша оьцучу алапашца а, тIебогIучу пайданца а, иштта кхечу коьртачу социалан-экономикан кхиаран гайтамашца а. Эксперташа билгалдоккху, йаккхийчу федералан дотацеша Iаткъам ца бо бахархойн токхена а, хIума эца таро хиларна а аьлла.


"Оцу мехкийн бахархой дукха хьолахь къен бу, лаккхара чкъор доцург. Нах миска мел хуьлу а, ахчанаш банке кIезиг дохку", - билгалдоккху экономисто, географо Зубаревич Натальяс.


Дагестанан статистикан зерашца, регионера юккъерчу алапна а, бахархоша баттахь дойучу ахчанна а юкъахь башхалла ю кхо эазр гергга сом. Оцу юкъанна 2022-чу шеран 9 баттахь сурсаташна а, коммуналан хьашташна а республикехь дайина ахча 18 проценте лакхадаьлла.


"Банкан системех болчу тешамах а, динан факторх а дерг аьлча, Къилбаседа Кавказан регионашна леррина компанеша исламан банкингехула проекташ юкъайоху. Суна хетарехь, цо хьал башха ца хуьйцу, хIунда аьлча, бахархошна тIедогIучу рицкъанца хаалур дац иза. Ур-атталла официалан статистико а башха къайла ца хьо, хIора баттахь хьашташна ахча охьадиллинчул тIаьхьа мехкан бахархойн карахь ши эзар сом бен дуьсуш цахилар", - билгалдоккху Эседовс.


Белла нах

Оцу юкъанна, цу кепара статистика хIоттош ю бахархойн терахь дагардинчу ларарш тIехь. Зубаревича билгалдаккхарехь, Къилбаседа Кавказерчу мехкийн социалан-экономикан хьолана таллам бечу заманчохь лара деза оцу регионашкару демографаша тIейаздийриг а. Церан бараман мах хадабойла ю урхаллийн а, пачхьалкхан а статистикехь бIостаналла хиларца.


Масала, ГIалгIайчохь школашкарчу дешархойн терахь шозза лахара ду деша хан йолчу берийн терахье диллича. 2010-чу шеран ерриг Оьрсийчоьнан бахархойн лараршка хьаьжча, махкахь 130 эзар стаг вара 18 шарал лахара хенаш йолуш. Оцу юкъанна, дешаран министраллин хаамашца, 2012-чу шарахь дешархойн терахь 55 эзар стаг дара.




2020-чу шарахь хиллачу лараршца школе даха хан йолу бераш 130 эзар гергга дара. Ткъа меттигера дешаран министралла сецира 2014-чу шеран марсхьокху-баттахь дешархой багарбечуьра. Оцу хеначохь республикехь 57 эзар дешархо вара.


Росстатан а, Коьртачу банкан а информацица хIоттош ю банке дохкучу ахчанийн юккъерчу барамех рейтинг. Цундела тIейазбеш хиларна ларарш дечу хенахь жамIаш харцахьа гойту: демографийн мах хадорца, банке ахча диллар тIаьххьарчу могIаршкахь долчу Нохчийчохь, бахархой лоручу хенахь терахьаш совдаьхна хила тарло – 600 эзарна тIера 1,8 миллионе кхаччалц.


"Дерриг а дац иштта къен"

Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа билгаладккхарца, банкан статистика харцйаро йаржайо низамехь йоцу бизнес а.


"Къилбаседа Кавказ – башха регион ю, къайлах экономика а лелош. Ма-дарра аьлча, кавказхойн хIусамашкахь хиллачарна гуш ду, статистикехь ю боху къоьлла цигахь цахилар: цIеношкара бахам, масала, Оьрсийчоьнан регионан шахьарал арахьа бехачу нехачул а тоьлаш хуьлу", - билгалдоккху политолого, "Либералан Оьрсийчоь" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.


Зубаревич Натальяс чIагIдо, Къилбаседа Кавказан бахархой консервативе ю, царна гIолехь хета шайн ахча гIайби бухахь латтийча, хIунда аьлча, цуьнан доккхаха дакъа – формалехь доцуш тIедеана рицкъ ду. "Формалехь боцу пайда дукха тIе мел богIу, банке диллар кIезиг хуьлу", - дийцира къамелдечо.


2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша элира "низамехь доцург лелор" коьрта фактор ю Къилбаседа Кавказера регионашкара экономикан кхиарна доза деттарна аьлла. Федералан пачхьалкхан статистикан сервисо тIаьххьара динчу лараршца, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а низамехь доцу гIуллакх лелочийн дакъа алсам дара болх бан хьакъ болчу нахал а. Дагестан (49,1%) а, ГIебарта-Балкхаройчоь (48%) а шайн ма-хуьллу герга ю оцу тIегIана.


 




" Ахча банке диллар – шайна билггал тIедогIу рицкъ гучудаккхар ду. Шуьгара ахча дIадаккха тарло. Итт шо хьалха, стабилехь долчу соьман курсо 10-12 процент шарахь пайда беш хиллачу хьолаца дуьстича, хIинцалера процент инфляцил а лахара ю, дIоггара пайден а ца хета. ЦIахь къайладаьккхина, мичча хенахь а схьаэца йиш хиларх тешам алсам бу", - дуьйцу Жаворонковс.


Къилбаседа Кавказехь банке ахча дилларан статистико гойту регионерчу бахархошна мел рицкъ тIедогIу а, и стенгара долу а, элира дерзош Зубаревича.



Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а (иштта Алтайра а, Тывара а) "къона говзанчаш" кхечу меттигашка белхаш бан дIаболхахь царана "гIоьнна" ахчанаш даларх дийцира Оьрсийчоьнан Iедалша. 116 800 сом дала дагахь бара 35 шаре бовлазчу, Къилбан-Малхбузен, Уралан, Генарчу Малхбален, Сибирин регионашка балха хIуьттучу кегийрхошна.
Регионалан бюджетера ахча кIезиг дойучарах лерира Дагестан 2021-чу шеран жамIашца. Уггар а лахара ахчанаш дойучу итт регионашлахь нисйелира иштта Ставрополан кIошт, ГIебарта-Балкхаройчоь, Волгоградан а, Ростовн а кIошташ а.
Белхазалла йолчу Оьрсийчоьнан субъектийн пхийтта регионашлахь нисйелира Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а ялх республика – юьйцурш ю официалехь бахархой мукъа ца хилийтаран центран чоьтехь болу болх бан хан йолу нах. Белхазалла хиларехь хьалхара меттигаш дIалийцира ГIалгIайчоьно а, Нохчийчоьно а. 

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Архангельской области спрос на хирургов вырос в два раза



Мир

Экскурсия для студентов прошла в «Маринс Гранд Отель Астрахань»




Українські новини

Як обрати дверну ручку для дому: Поради та рекомендації



Новости 24 часа

ИНСТРУКТАЖ ПО БЕЗОПАСНОСТИ



Game News

Авторы Warhammer 40,000: Space Marine 2 противопоставляют себя современной западной индустрии



Москва

Пытавшиеся прорваться в НИИ Склифосовского заявили, что не хотели увозить бойца ММА



News Every Day

Los Alamitos horse racing consensus picks for Saturday, September 21, 2024



Авто

С 23 сентября ограничивают движение на развязке в районе Агалатово в Ленобласти



Москва

Добыча свободного газа на АЧГ, разработка Карабаха и Ашрафи - Дан Улдузу - Айпара: SOCAR и BP подписали ряд соглашений



Песня

Продвижение Стихов. Раскрутка Стихов. Продвижение Песни. Раскрутка Песни.



Москва

Подмосковное УФАС выявило нарушение закона о рекламе



Кубок Лейвера

Медведев в составе сборной Европы завоевал Кубок Лейвера



Москва

Центр восточной медицины в Петербурге



Елена Волкова

Тайны королевской семьи: что скрывает нумерологический прогноз для Чарльза III?



Симферополь

Литературно-биографическая страничка "Жизнь, отданная людям", к 120-летию со дня рождения Н.Островского



Москва

В Подмосковье сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в убийстве



Москва

Более 14 тысяч жителей СВАО получили новые квартиры по реновации - Собянин



Москва

Более 14 тысяч жителей СВАО получили новые квартиры по реновации - Собянин



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

При переиздании Красной книги Москвы планируют использовать ИИ





Путин в России и мире
Москва

Аргентинский посол допустил встречу Путина и Милея на полях G20


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Николай Лукашенко рассказал, как готовился к выступлению на «Минск-Арене»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский хочет вступить в НАТО до завершения полномочий Байдена


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Елена Волкова

Тайны королевской семьи: что скрывает нумерологический прогноз для Чарльза III?



Москва

В Кремле не стали комментировать стрельбу у офиса Wildberries

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net