Шема ваха дагахь хиларна набахте хьажийна Нохчийчуьрчу кхело ши вахархо
Гуьмса кIоштара шина вахархочунна кхел йина, Шема а вахна, бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхойх дIакхета Iалашо хилла аьлла, бехкевина. Мутаев Исламна а, Альбеков Тамерланна а ши шой, бархI буттий хенаш кхайкхийна шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха, цхьа шо набахтехь а доккхуьйтуш.
Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь ма-хиллара (Кавказ.Реалиин редакцехь кехаташ долуш ду), царах доьзна доцчу бахьанашца ваханза виссира Нохчийчуьра ши вахархо Шема.
Кхелехь Альбеков а, Мутаев а шайна бехкана къера хилира, амма мукIарло дан дуьхьал хилира, шайна а, шайн гергарчарна а дуьхьал тоьшаллаш ца дан бакъо лучу Оьрсийчоьнан Конституцин номер 51 йолчу Iедалан къепенна тIетевжина. 2021-чу шеран Зазадокху-баттахь дуьйна лаьцна вара и шиъ.
Дина таIзар бакъоне даьлла.
25 шо долу Волгоградера яхархо бехкейира Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн организацехь дакъалацарна, юкъарчу хьелашкахь йолчу колонихь даккха диъ шо хан тоьхна цунна.
Дагестанан Лакхарчу кхело хийцаза бийтира ХIинжа-ГIаларчу Кировн кIошто Исаев Арсеналин хьокъехь бина сацам, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна иза бехкехилар тIе а чIагIдеш. ТаIзар кхайкхийра цунна кхозлагIа хIоттийначу кхелан кхеташонехь, ша Исаевс тIе ца дуьту дохку бехкаш, дIахьедо, ницкъахоша бертаза тIелацийтина шега бохуш.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга 1азапца дареш дайтина, олий.