Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

Украинехь нохчийн сценарий? Соьлжа-ГIаларчу политолого дуьйцу Путинан тIелатарх

Украинехь нохчийн сценарий? Соьлжа-ГIаларчу политолого дуьйцу Путинан тIелатарх

Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоьно тIелатар долийра Украинан дозанашна. Карарчу хенахь кеп-кепарчу кIошташкахь луьра тIемаш бу беш. Боккхачу кхерамна бухахь ю Харьков, Херсона, Чернигов, Сумы, Мариуполь, Оьрсийчоьнан тIеман техникан ковран доккха дакъа Киев гIалина герга гIерташ ду. Дахначу оршотан дийнахь Гомельскан кIоштахь дуьххьара, тIом болабелчхьана, дийцарш хилира Оьрсийчоьнан а, Украинан а векалийн, хаъал жамIаш ца хилира царех а.

Украинера хаамаш кхочу, пачхьалкхана динчу тIелатарехь дакъалоцуш Нохчийчуьра эскархой а бу бохуш. Оцу кепара публикацеш гучуевлира зорьанан гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а.

Цхьана хенахь Оьрсийчоьно Нохчийчохь хиллачу тIамехь пайдаэцна, амма ша сатуьйсу жамIаш ца делла стратеги лелор юй-те Украинехь бохучух а, республикера эскархой Путинан тIелатарехь дакъалацарх а, Оьрсийчоьнан сепаратисташна дуьхьал Донбассехь тIемаш бинчу, нохчий тIемалойх лаьцна а дийцира Кавказ.Реалиига нохчийн политолого Кутаев Руслана.

 

– Тахана Украинехь лаьттачух муха мах хадабо ахь?

– 2014-чу шарахь дуьйна а хууш дара, украинхой сийсазбан, Украина – оьрсийн пачхьалкхан дегIан аппендикс ю, шена хеттачу кепара Кремло цунна тIехь Iуналла латтор ду бохуш, Путин и хетийта гIерта. Со тешна вара чугIуртург хиларх, доллу дозанашка арми озор – тIера тидам дIабаккха гIертар дара, меллаша Донецкан а, Луганскан а кIошта чубахархьама. Амма суна ца моьттура, Путинан хьекъалх валар оццул доза доцуш дуйла. Суна, могIарчу вахархочунна, хала дара теша – боккха тIом цунах хир бу аьлла.

200 эзар Оьрсийчоьнан эскархо ву юкъаозийна. Оццул салтий бахийтира Нохчийчу а, цхьайолчу хьастийн информацица, кхин а дукха хир бара - 250-300 эзар. Уьш а оцу жимачу регионна, 1,2 миллион стаг вехачу Нохчийчоьнна. Ткъа Украинан доза а доккха ду, бахархой – 45 миллион. И фактор ца лерира? Хетарехь, тешна хилла уьш, цигарчу оьрсийн бахархоша Оьрсийчоьнан арми мара а бетталуш, тIеоьцур ю.

– Нохчийчохь хиллачу тIамца догIуш хIумма гой хьуна?

– Нохчийчохь тIемаш боьлхуш шина стратегех пайдаийцира. Нохчийн хьалхарчу тIамехь оьрсийн эскарш, тахана Украине санна чукхача гIоьртира: го а бина, массо а агIор тIелетира. ШолгIачу тIамехь кхин стратеги яра: авиацица, ракетан эскаршца, артиллерица, метрашкахь тохарш деш, бомбанаш йиттира Соьлжа-ГIалана.

 

ХIинца Украинехь стенна пайдаоьцу хьалхарчу стратегих? ХIунда аьлча, Путин тешна ву, оьрсийн эскархой цигарчу оьрсийн мотт буьйцучу бахархоша баккхийбеш, тIеоьцур бу. Уьш цхьана хIумаанах ца кхета, дуккхаъ къаьмнаш кхетта, нохчийн шина тIамна тIехь. Соьлжа-ГIалахь бехачу оьсашна моьттура, шаьш Iалаш ца дахь а, дойъур дац шаьш, ткъа уьш, нохчашна кIел Iийна бохуш, хIаллакбира нохчашца цхьаьна. Кремльна бен дац, хьо дагестанхо, хIири, нохчо йа украинхо хиларх. Украинехь и дика хаьа, цунах дика а кхета.

Шаьш доттагIаш санна тIеоьцур ду аьлла, хетачу Путинан план йоьхна. Киев хьалхарчу дийнахь схьайоккхур ю, цигахь шена муьтIахь куьйгалла дIахIоттор ду, тIаккха шена лууърг лелор ду ша аьлла, ойла хилла хила а там бу цуьнан. Украинехь иштаниг цкъа а чекхдер дац. Кхин а ницкъе хир бу хIинца украинхой.

Вуьшта аьлча, хIун ю тIом? Хьалхарчу цхьана-шина дийнахь – шок а, кхерам а лаьтта. Нагахь санна, тIеман урхалло, пачхьалкхан куьйгалло, президенто юьхьанца дикка кечам бинчу, оцу тIеман машенан чугIортар ловш хуьлий, политикан, стратегин, тIеман урхалла дарх а ца бухуш, кхозлагIчу дийнахь дерриг а шен-шен метта дIа а нислой, болх дIабоьду. Юкъаралла, бахархой итт де даьллачул тIаьхьа тIамах дIаоь: даха а, къийсам латто а, шайн гIаланаш Iалашъян а езаш, бакъдерг санна тIелоцу. Кино чохь эрчо ю аьлла хета тIом, ткъа баккъалчу тIамехь кхерам бов, кхоьруш Iен хан ца хуьлу, хьайн дахарехьа тIом бечу хенахь.

КIира даьллачул тIаьхьа, мел дукха а итт де даьлча, украинхой вовшахкхетта хир бу, шок а дIаера ю, дуккха а дуьхьало латтор ю. Вайна хIинца ца го роликаш, украинхоша некъах тиллачу оьрсийн эскархошца къамелаш деш, царех бийла а буьйлуш. Билггал йолу бахархойн дуьхьало йолалур ю кхин дIа. Оьрсийчоьнан салташа а тIелетарш дан тарло маьршачу нахана – Соьлжа-ГIалахь а санна.

– Нохчийчохь а лелийна хьалхара стратеги пайден йоцийла хиъча, Кремль шолгIачу стратегига йоьрзур ю аьлла, хетий хьуна?

– ХIинцале а гуш ду, хIинца хиллачу говзаллица шаьш сатийсинчу жамIашка шаьш ца кхачиний. Нохчийн модель Украинехь кхолларх гIуллакх хир дац. Оьрсийчоьнан чоьхьара конфликт ю бохуш, тIеоьцура Нохчийчоь массара а. Цхьа миллион вахархо вехачу дозанан суверенитетца бала бацара цхьаннан а. Украинана йоккха гIортор ма йина, цуьнан эскар кечдина ду, цуьнан герз а ду. Цхьа гранатомет бен йоцуш, хIетте а йоккхачу пачхьалкхана дуьхьало латтийначу тхан нохчийн тIемашца хIара дустийла яц. Тхайн маршо оха къуьйсучу хенахь, тхох террорхой олура, наггахь болу журналисташ а, бакъоларъярхой а гIертара бакъдерг дийца. Украинехьа дуккха а мехкаш ду, Нохчийчоьнехьа цхьа а вацара, ур-атталла, бусулба дуьне а.

– Хьуна хIун аьлла хета, Соьлжа-ГIаларчу майданахь дIахIоттийна хилла итт эзар нохчийн Росгвардин эскархо – Кремлана ницкъ дIагайтар дара иза?

 

– Кхерон кеп ю иза. Шен цхьаццайолу Iалашонаш кхочушъяйта латтош ву Путина Кадыров. Дукха хан яра Украина схьаяккха Путинан ойла йолу, и Iалашо кхочушъярехь билгалйина роль Кадыровна кхачийнера. Шен долахь арми а йолуш, Путина кхиина ву Кадыров, цхьа Iалашо а йолуш – кхерор.

Олуш ду, тIом бан хуу нохчий – кадыровхой бу. Хууш ду, дукхахаболу Кадыровн гонера нах цхьана хенахь тIемалой хилла, оьрсийн агIор бевлла нах бу, тIеман операцешкахь дакъалаьцна зеделларг а долуш.

Кхин цхьа коьрта хIума ду кхузахь: майданахь дIахIиттина нохчий, - Оьрсийчоьнан ФСБ-н а, тIеман министраллин а белхахой бу. ХIаъ, цара нохчийн мотт буьйцу, амма церан Iалашо яц шайн даймохк, мотт, дин лардар. Царна ца хаьа, алапана дуьхьа а доцуш, шен маршонехьа а, шен хIусамехьа а тIом бар хIун ду. Соьлжа-ГIалахь дIахIиттийна Росгвардин эскархой, - еккъа шоу яра. Кадыровна и дагадеанера аьлла а ца хета суна, дикка хьаьжча, Кремло дагадаийтина хIума хир ду.

Кадыров а, цуьнан гварди а – Кремло пайдаоьцу кхероран гIирс бу. Нохчийн бренд, нохчийн фактор: бертахь ца лаьий шуна, ас нохчий бохкуьйтур бу. ХIуъа а ден долу, Iедало йина монстр.

Iедалан структураша могуьйтуш, йа церан гIоьнца дуккха а шерашкахь кадыровхоша зуламаш а, эрчалла а лелийна . Имидж а, ницкъ а кхоллархьама Iедало мага а могуьйтуш, лелийна бандиталла ю иза. Зеленскийга Кадыровс дина дIахьедар а – иза а лаккхара заказ ю, нах кхерон акци: Путин ца оьший шуна, Кадыров хир ву аьлла.

Оцу дуьхьалтийсадаларан хьелашкахь чопанан лоппаг эккхар ду, вай цуьнан теш а хир ду. Кадыровн ницкъан миф йохор ю украинхойн армино а, гIаттамхоша а. Нохчийн Росгвардин эскархой лийр бац Кремлан идейшна тIехула, шаьш ца дайъийта хIуъа а дийр ду цара.

– Оьрсийчоьнан армина дуьхьал Украинан территори тIехь тIемаш бина нохчий ма бу?

– ХIаъ, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчех а, Ичкерин векалех а кхоьллина, шейх Мансуран а, Дудаев Джохаран а цIарах батальонаш яра Донбассехь мехах лецначарна а, Оьрсийчоьнан сепаратисташана а дуьхьал тIемаш беш. Ахчана дуьхьа бахна бацара и нохчий, шайн идея хьалхаяьккхина лелаш бара. Нийсонехьа тIемаш бен романтикаш бу уьш. Нохчий дика тасало, нагахь санна, суверенитет, йа шайн гергара нах Iалашбеш белахь, йа шаьш тешачу нийсонан идейш къуьйсуш белахь. Соьлжа-ГIаларчу майданара Росгвардин эскархой цхьана а идейх тешаш бац.

– 2021-чу шарахь, ахь буьйцу, шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан эскархой Украинан санкцешна бухахь нисбелира. ХIетте а, хIинца а и пачхьалкх Iалашъян кийча бу уьш?

– Бакъ ду, Зеленский куьйгаллехь а волуш, хIинца долчу Украинан Iедало, шайгахьа тIемаш бинчу нохчийн тIемалошна дуьхьал санкцеш ехира, цхьаболчарна депорт йира. Со тешна ву, Зеленскийн администрацино цхьа жамIаш дийриг хиларх.

– Дийцарша цхьа пайда бохьур бу аьлла хетий хьуна, хIинцале а хьалхара цхьанакхетарш хилла?

– Цхьана а дийцарша хIуммаъ а нисдийр дац, Кремль эшна хIокху тIамехь. Нейтралитетах бертана куьйг яздийр дац Зеленскийс: йа цунна а, йа Украинана а оьшуш дац иза. Украинхоша шайн территореш юхаерзор ю.

– ГIирма а?

– Донбасс а, Луганск а ерзор ю аьлла, тешна ву со, амма ГIирма ерзор яц аьлла а ца хета.

– Кхин дIа Путинера стенга сатуьйсийла ду?

– ХIина Путин, шен Iалашонаш кхочуш ца хилча, атта Украинана тIехь толам баккхар а ца хилча, стратегин герзах пайдаоьцур бу ша бохуш, кхерамаш тийса волавелла. Иштта кхерам а болуш бу, хIунда аьлча, доллу дуьненна шен ницкъ дIагайта гIерта Путин. Тоххара Украина а, Балтин мехкаш а схьадаха дезаш хиллера аьлла, хеташ хир ду цунна.

 

ЧIогIа дог лозу, шина а агIор цигахь лечу адамех. Украинхой кхалха а кхелхаш, тIаьхьа дозалла ден долу турпалхой хуьлуш бу. Ткъа Оьрсийчоьно Украине тIаме хьийсина салтий тапъаьлла дIабухкур бу, бохкахь а, уьш бицбан а хьовсур бу. ХIунда аьлча, хIара историн эхье агIо шен ма-хуьллу йицъяйта хьийзар ю Оьрсийчоь.

***

ООН-н Чиллан-беттан 28-чохь динчу лараршца а догIуш, Оьрсийчоь Украинана тIелетчхьана мел лахара а 100 маьрша вахархо вийна, 300-нна чевнаш йина. Украинхойн тIеман буьйралло чIагIдо, Оьрсийчоьнан армин эшамаш пхи эзар стагел а сов ду аьлла. Официалехь бинчу хаамашца, царлахь ву мел кIезиг а ши нохчо, Дагестанера цхьа контрактхо, ГIалмакхойчуьра эскархо а. Москвано бакъ дина эскархошлахь эшамаш хилар, амма билгал ца даьккхина терахь. Оьрсийчоьнна дуьхьал хадам боллу санкцехь яьхна Малхбузен пачхьалкхаша, шен лаамехь йолчу пачхьалкхана агресси ярна. Оьрсийчоь Украинана тIелатарх хроника ю дIахьош Кавказ.Реалиино.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

XXXIII Церемония «Хрустальная Турандот» объявит победителей сезона 2023/2024



Жизнь

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе






Новости 24 часа

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе



Game News

Конец близок в релизном трейлере Destiny 2: The Final Shape



Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» спасает население от борьбы с перенаселением, 5 серия, СЕРЬЁЗНЫЙ НОВОСТНОЙ СЕРИАЛ.



News Every Day

Inside the mad Fenerbahce world Jose Mourinho is entering with rioting fans, players walking off and notorious hooligans



Авто

Распределяй и управляй: водители «Грузовичкоф Бизнес» – о преимуществах работы и трудовых буднях  



Москва

Белоснежный гроб утонул в цветах: в Москве завершились похороны Анастасии Заворотнюк



Концерт

Концерт группы "Пикник" состоится 1 июня в Москве



Москва

Воробьев: в 60 парках Подмосковья в честь Дня защиты детей раздают мороженое



Даниил Медведев

Медведев вышел в 1/8 финала «Ролан Гаррос» — 2024



Москва

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером



Станислав Говорухин

В Республике Марий Эл с успехом прошел кинофестиваль «Движение по вертикали» памяти Станислава Говорухина



Симферополь

ВТБ начал выдавать ипотеку на жилье в Крыму



Москва

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву



Москва

Собянин: Детский фестиваль искусств «Небо» станет праздником для всей семьи



Москва

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Июнь в Москве начнется с аномально жаркой погоды





Путин в России и мире
Москва

Лучшие фото недели // Запоминающиеся кадры 27–31 мая


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

БЕЛТА: Лукашенко и Путин обсудили представительство России на параде в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский: после «заморозки» конфликт опять вспыхнет


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Елена Волкова

НА ДЕТСКОМ ФЕСТИВАЛЕ ИСКУССТВ «НЕБО» СОСТОИТСЯ 5 ПРЕМЬЕР И ПОКАЖУТ НОВИНКИ ОТ ВЕДУЩИХ МОСКОВСКИХ ТЕАТРОВ



Москва

Экономист Петрова: все налоговые изменения вступят в силу в 2025 году

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net