Социалан машанашкахь эфираш хIитточу мехкаршна кхерамаш туьйсу нохчийн министро
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан урхалхочо Ибрагимов Iийсас видео дIаязйина, социалан машанашкахь эфираш хIитточу нохчийн зудаберашна кхерамаш туьйсуш.
"ХIан-хIа, хьуо нохийн йоI, нохчийн мотт буьйцуш хиларе терра, хьайн телефоначухула эфираш ахь дIахьура яц. Шу хьех-марах чекхдевлла суна, буьйсанна шиъ-кхоъ даьлча эфирашка дуьйлу шу. Ас иттаннашкахь леца а лецна, гойтур ду шу… Шуна дика хаьа, шу карор дуйла….Ларлуш хила. Ас дош ло шуна- йоккха сюрприз ян", - дIахьедина цо, "ЧП/Чечня" инстаграмерчу паблике хIоттийначу ролика тIехь.
Нохчийн маттахь дIаязйина ю видео, оьрсийн маттахь цунна буха яздина: "ХIара видео гочдар доцуш хир ю! ХIара хаттар нохчех бен хьакхалуш дац!".
Ибрагимов Iийса – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара стаг ву. Хьалхо иза тIетайнера электрошокерца Iазапаш хьегийтарна, цо дакъалецира интернетехь Кадыровн оппоненташна йинчу троллинегехь.
2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Нохчийчуьрчу филармонин директоро хьийхира социалан машанашкахь иллеш ала дехкар.
Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзана чIагIо йира, инстаграмехь комментарешкахь шена "шайтIа" аьлларг схьакарон а, "хIаллакван" а.
Охан-баттахь нохчийн пабликашкахь кхерамш баржийра яздархочунна Глуховский Дмитрийна, цо язйина "Топи" сериалан сценарий бахьана долуш. Оцу сериалан цхьана сюжетехь гайтира шена тIехьийзачу нохчийн кIантах едда йоI, иза юкъахь йолуш интиме суьрташ а цхьаьна; иштта хьахийнера нохчийн тIемаш а.
Нохчийчуьрчу "неформало" Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, кхузаманца лелачу кегийрхошкара юкъараллехь бехкаш дохуш хиларх лаьцна.
Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь бакъоларъярхочо Анохина Светланас дийцира Къилбаседа Кавказана гергахь зударийн ша - тайпачу бакъонаш йохорах: "Сий лардарца доьзна зуламаш. Зудий-майрий къаьстича бераш ненера схьадахар. ТIехь латто контроль, 18 шо кхаьчначу зудаберана деша а, балха даха а бакъо цахилар, хIунда аьлча, дас-нанас ца магадо. 14 шо кхаьчча йоI вевзаш воцчу стаге маре дIаялар, "гал ца ялийта". Марехь атто боьхна йоI дас-нанас тIе ца эцар. Динна тIе а тийжаш, цIийндас зудчунна чу-ара ялар дехкар.
ОЬРСИЙЧОХЬ ДIАКЪЕВЛИНА КАВКАЗ.РЕАЛИИ САЙТ. ЕША САЙТ КХУЗАХЬ