Депортаци ян хьийзочу нохчочун кхелехь дакъалацийтар тIедожийна Францин Amnesty International-о
Шен доьзалца мухIажаран статус елира Ойсаев Джахарна иза Франци ма кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера.
Amnesty International организацина хетарехь, Францин Iедалхоша сацон деза низамехь доцу нохчийн мухIажаршна Оьрсийчу депортаци яр.
Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIечIагIдеш. Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йира цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
Нохчийчохь стохка Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийра низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна бохура. Нохчийчохь лаьцна латтош хиллачу Гадаев Мохьмадна цхьа шо ахшо хан тоьхна набахтин кIедачу хьелашкахь такха.
2019-чу ушарахь Украинерчу бакъоларъяран органаша шайн пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчоьнан вахархо Альбердов Iумар. Урамехь саца а вина, цуьнга аьлла хиллера, Украине кхайкхина ахь "ца оьшу цхьаъ" аьлла. Оцу юкъанна Альбердов Украинехь ваха бакъо йолуш вара, Киевехь шен доьзалца дIатарвелла вара иза.