Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Дегайовхо а ца йисна? Нохчо Тепсуркаев лачкъорна жоп доьху Оьрсийчоьне

ГIадужу-беттан 19-чохь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даредина нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман "Нохчийчуьра ноьмарш йолчу Iаьржачу Toyota Camry машенахь хиллачу нохчийн полицерчу 3-5 стагах лаьттачу тобано" низамехь а доцуш вадийина хиларх а, цул тIаьхьа иза шишанна тIехаош яьккхина видео социалан машанехь яьржина хиларх а. И истори емалйира Оьрсийчуьрчу а, дуьнентIерачу а юкъаралло. Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитето хIинца а билгал ца баьхна стаг вадийнарш, хууш яц Нохчийчу дIавигина Тепсуркаев волу меттиг.


"Таллам болалушшехь дIаелла Iедале полисхойн цIерш, довзийтина полкера церан даржаш, Геленджикехь стаг вадош, Соьлжа-ГIала дIавуьгуш цаьргахь хилла машенаш. И информаци инцидент талла аьтто луш, мехала хиллехь а, Нохчийчуьрчу талламчаша пайда ца эцна цунах, цхьа гIулч ца яьккхина иза зуьйш", – боху Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамо.


Бехктакхаман гIуллакх айдинчул тIаьхьа Геленджикера талламчаш гIиртина вевзина волу ши эпсар а, церан коллегаш а лебан, амма аьтто ца баьлла церан. Ткъа Нохчийчуьрчу Iедало, лечкъа а ца деш, новкъарло йина билгалбевлла эпсарш зен гIерташ хьийзачу низамхошна, боху кхелан сацамо.


Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу къастамца, "Iедал гIорасиз ду Нохчийчуьрчуй, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчуй низамхошка юкъахь болх байта".


"Iазапна духьалояран комитетан" юристаша арз хьажийнера шен Тепсуркаев Салманан а, цуьнан зудчун а цIарах. Ша лачкъавале ахшо хьалха йигана цо Елизавета маре, Дагестанехь никIах а деш – пандеми йолаялар бахьана долуш Iедалан хьукматехула (ЗАГС) цхьаьанкхетар тIечIагIдан аьтто ца баьллера церан. И шиъ цхьаьна Iаш дара, юкъара бахам а болу, амма иштта хиллехь а, Оьрсийчуьрчу талламчаша ца лору уьш зуда-майра.


Елизавета ю Салманца тIаьххьара къамел динарг а - иза Iаьржачу хIордан йисте болх бан вахана хилла, Геленджикехь кафехь официант дIахIоьттина, СМС хьажийна цо зудчуьнга, ша волу меттиг евзина Нохчийчуьрчу полицина, аьлла. Цул тIаьхьа зIе хаьдда.


Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь Тепсуркаева Елизаветас дийцира айдинчу девнан хьокъехь а, майра вадийначул тIаьхьа шен дахарехь хиллачу хийцамех лаьцна а.


– Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацам ларборий ахь? Цуьнца хIун ду хьуна коьрта?


– Со муьлххачу а сацамна кийча яра, йоьхна еха хIинца а. Цхьана агIор хазахета иштта сацам арахецна, вукху агIор – тамаша бу Салманна цо пайда бахьахь, сов тIаьхьа ду хIинца. Догдоху оцо бехктакхаман гIуллакх лаьттачуьра меттахдаккхаре, бехкечарна таIзар даре.




– Яьржина видео Тепсуркаев вадийначу хьалхарчу беттанашкахь йийцарейора Оьрсийчьурчу хаамийн гIирсашкахула, "Яндексан" топехь яра. Тахана кIезиг тергалдо хилларг. Хьуна хетарехь резонансо гIодора я новкъарло йора нийсо лохуш? И гIуллакх диц ца дайта хIун оьшу?


– Къастам боллуш жоп дала хала ду. Резонансо, гарехь, аьтто бина гIуллакх Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхачон. Ткъа Iедалерчу низамийн урхаллех дерг аьлча, лар яйъа, бехкенаш бехказбаха некъ белла резонансо, кхин хIума ца делла. ГIуллакхах дерг аьлча, наханна дагайогIу и боьха гIулч, ца хьехаяхь а, дагахь лаьтта.


– Оьрсийчуьрчу талламчаша хьо эшамхиллар ца лору, шуьшиъ официалехь цхьаьнакхетта цахиларна. Шуьшиъ ЗАГСе даха дагахь дарий я шуна динехь чекхбаьккхина барам тоаме бара?


– Дара дера, официалехь цхьанакхетар тIечагIдан гIертара, ца кхиира. Юьхьанца карантин баханехь, цул тIаьхьа кхечу регионе дехьадовларца доьзна ца кхиира.




– Салман вадийначул тIаьхьа хьуна а, шун доьзална а тIеIаткъамаш борий?


– Талламчаша дуккхаза а психикан тIеIаткъамаш бира. Уггаре халаниг дара суна суо Геленджикехь цара леяр. ХIинца а яц меттаеъна. 2020-чу шеран Гезгмашин-батттахь сан цIа баьхкира, со стенгахь ю талла, кхин хIума ца дира.




– Хьайна хIинца юьззина кхерамзалла ю аьлла хетий хьуна?


– Хилларг нисделлачул тIаьхьа со кхерамна кIел даима а ю. Оьрсийчохь сайна кхерамзалла лаьттар ю аьлла а ца хета.


– Салман вадийначул тIаьхьа цуьнан гегарчаьрца къмел хиллий хьан? Цара хIун боху?


– Дика юкъаметтиг ю сан цаьрца. Царна шайна а ца хаьа хилларг, соьга хотту цара хьолан хьокъах лоций. Сагатдо, дан хIума дац.


– Салман дийна ву аьлла хетий хьуна? ХIун бух бу иштта хета?


– Иза дийна ву ала дегайовхо ца йисина, иза мел кIоршаме делахь а. Хан яьлла дукха. Иза лачкъийначарна дийна оьшуш вац шаьш динчу зуламан теш.


– Хьайн майрачух дерг толлуьйтуш, луьстуьйтуш лела хьуна стенгара болу ницкъ?


– И къийсам болош сан дуккха а хIуманах къаста дийзира. Шенначул маьIнехь ас суо а дIатесира. Цхьаъ бен дацара суна коьрта – Салманан дахар. Боллу ницкъ охьабиллира, дерриг а дира цунна. ХIинца со яц гIуллакхца доьзна хIума а деш. Далург дерриг а дина, дерриг чекхдаьлла, сатийса бен ца дисина. Сайн дахара меттадало гIерта со хIинца. Массо а хеттаршна жоьпаш лохуш "Iазапна дуьхьалояран комитетера" бакъонашларъярхой бу, цара дика къахьоьгуш хилар гойту тIаьххьарчу хиламо.


"Толлу ала моттаргIа а ца юьту"

Зуда тешаш яцахь а, нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналан администраторш теш хIинца а шайн накъост дийна ву бохучух.




"Гонахболучара массара а велла лору Салман. Леллачу хьелашка хьажча, хила а тарло иштта. Ткъа оха сатуьйсу, бакъдерг довза гIерта, доIанаш до цунна. Цуьнан цIерачарна девза аьлла хета тхуна бакъдерг, амма уьш зIене ца бовлу, ма-дарра аьлча, лецна, кадыровхойн закъалтехь бехаш бу", – элира Кавказ.Реалиига каналан анонимерчу авторша.


1ADAT-н администраторша билгалдоккху Тепсуркаев вадийна хилар "Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана а шеко йоцуш" дуйла. Цара чIагIдарехь, Оьрсийчоьнна хьашто яц иза вадор талла: "Дуьненан юкъаралло Оьрсийчоь декхарейийр ю аьлла хетара тхуна хилларг талла, цхьалхадаккха, амма дерриг а къамелашна тIехь чекхдолу. Лазаме ду Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш а лаьтташ, цхьа а орцахволуш вацар. "Оха тхайн луъург дийр ду тхайн территори тIехь, ткъа аш шайна ма-луъу арахеца вердикташ" бохуче кхаьчна Оьрсийчоь. ГIуллакх талла Оьрсийчоь декхарейожонъерг цхьаъ ду – Кадыровн позици галъяккхар".


1ADAT-хоша дагадоуьйту "Iазапна дуьхьалоечу комитето" шен талламца Тепсуркаев вадийна хила тарлучу нахах шиъ билгалваьккхина хилар – Кадыров Ахьмадан полкера ши стаг, бакъонашларъярхошкахь ду видеотоьшалла а, машенийн ноьмарш а.


"МогIарчу бакъонашларъярхой иза къасто аьтто баьлча, хIун далур дац дерриг а карахь долчу Iедалан талламчашка? Таронаш ю, тоьшаллаш ду, бац лаам талла Оьрсийчоьнан, массарна а гуш ма аду иза", – боху нохчийн оппозиционераша.


***


Охан-баттахь бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Iедало "Мемориал" арахьарчу агентийн могIара язйина, амма иза цунна реза яц - ред.) политикан тутмакхийн статусе ваьккхина Тепсуркаев Салман. Оьрсийчоь талламан жамIаш Iорадаха декххарейина дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International хьукмато – бакъонашларъярхой а, Тепсуркаева Елизавета а официалехь эшам хилларш бацар юьхьар а оьцуш, Нохчийчуьрчу талламчаша ца бовзуьйту шаьш бина болх.




 

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net