ГIирмин дозана тIехь Думе кхаьжнаш тасар тIе ца лаьцна Американо а, Евроберто а, Британино а
Евробератн арахьарчу политикан урхаллан дIахьедарехь емалдо Оьрсийчоьнан сепаратистийн контролехь йолчу Украинан Донецкан а, Луганскан а кIоштарчу бахархоша харжамашкахь дакъалацар.
Евроберто а, Американо а, Британино а тергам тIеозабо пачхьалкхан Думе дIахьочу харжамашкахь дуккха а харцонаш лелийна хиларна, ишта, Оьрсийчоьнан Iедалхоша бахархойн юкъаралалана а, журналисташна а бен Iаткъам чIагIбинчу хьелашкахь харжамаш хIиттийна хиларна а.
Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь диллина дуьйцу "арахьарчу агентех" а, экстремистийн а, "оьшуш йоцчу" а организацех юкъадаьхначу низамех а, пачхьалкхан бахархойн, иштта харжамхойн а бакъонаш хьоьшуш долу. Оцу бахьанашца, Малхбузена хетарехь, харжам бечу хенахь а таронаш къевлина яра церан. Малхбузен пачхаьлкхаша бехк баьккхина Оьрсийчоьнера, ОБСЕ-ра тергамчаш кхайкха дуьхьало ярна.
Пачхьалкхан Думе боллу харжамаш тIе ца лацарх дуьйцуш дац дIахьедарехь. Хьалхо Европарламенто кхайкхам бира Евроберте, нагахь санна, харжамаш цIена а, бакъонца а дIабаьхьна бацахь, кхожан жамIаш тIе ма дита аьлла.
Аннекси йинчул тIаьхьа харжамаш дуьххьара дIабаьхьна бац ГIирмехь. 2016-чу шарахь Думе хиллачу харжамийн жамIаш а Малхбузено бакъ ца дира, практикехь и бохург дара, масала, ГIирмехь хаьржина Думан депутаташ дуьненаюкъарчу парламентийн ассамблейшкахь дакъалаца Оьрсийчуьрчу делагацешна юкъабохуьйтур цахилар.
Харжамийн комиссин (ЦИК) зерашца, доллу бюллетенеш дагардинчул тIаьхьа, Думе кхочур ю пхи парти. КПРФ-н а, иштта оппозиционеран Навальный Алексейн а агIончаша Iедалхой бехкедо Москвахь тийсинчу кхаьжнашца фальсификаци лелорна. Ткъа харжамхойн кампани дIаяьхьира Навальныйн агIончаш лоьцуш, уьш юкъа ца буьтуш, шаьш къобалбечу кандидаташна цаьрга агитаци а ца йойтуш.