Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Къилбаседа Кавказера нах Туркойчохь. Муьлш бу уьш, муха беха? (чаккхе)

Къилбаседа Кавкъазерчу къаьмнийн диаспораш кхиина Туркойчохь мухIажараллехула, Кавказан тIом бирзича, эзарнашкахь Осмалойн импере дIаихинчу нахах лаьтта уьш. Хьижрат динчу ламанхошлахь массарел а дукха хилла чергазий. Амма яккхийчу тобанашкахь дIаихина цига абхазой, нохчий, дагестанхой, хIирий, ногIий, кхарачой, балкхарой.


Шен рогIерчу подкастехь историка Вачагаев Майрбека къамел дира Гуьржийчоьнан стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а фондан Iилманчица Квахадзе Александрца къаилбаседа-кавказхойн Туркойчуьрчу диаспорех а, туркойн юкъараллехь цара йинчу интеграцех а, церан меттанаш, къоман ламасташ Iалашдарца йолчу проблемех а лаьцна.




Дуккха а йолчу Къилбаседа Кавказхойн Туркойчуьрчу диаспорийн векалшца къамеле ваьлча, хаало церан са шайн дай баьхначу мехкашкахь лаьтташ хилар. Даиманенна Къилбаседа Кавказе юхабахка аьтто ца болу церан?


- Туркойчохь бехачу нохчех, гIалгIайх, дагестанхойх дерг аьлча, бакъду, цара шайн исторера даймохк лору Къилбаседа Кавказ, цигара республикаш, боккха лаам беха цаьрца даймохк ган, цхьаберш цига баха бахка лууш а бу. Амма оцу кхаа республикан демографехь цхьа а хийцам хир бац уьш цIабаьхкича а.




Ткъа Къилбаседа-Малхбалерчу Кавказах, цуьнца цхьаьна Абхазех а дозург хьахийча, оцу мехкашкарчу диаспорша шайн цIабахкар дузу демографи шайгахьа хийца болчу лаамца, чергазий а, абазой а бу оцу декъахь. Хууш ма-хиллара, шайн мехкашкара арабаьхна Оьрсийчоьнан имеприно шен заманахь дукхаболу чергазий а, абхазаш а. Оцу хенара колониалан политика тахана а яц хийцина. Галъялла демографи, къам меттахIоттор дIадахьалур ду репатриацин гIоьнца, боху мухIажарша. Чергазашлахь а, абхазашлахь а дукха бу даймахка юхабахка луурш. Цхьаберш бахка а баьхкина цIа. Амма эццахь оьккху масех проблема.


Хьалхарниг – бюрократи. Вуно хала ду репатрианташна керлачу меттигех бола, цигахь баха бакъо яккха, Оьрсийчоьнан бахархой хилла охьаховша, оьрсийн мотт ца хуучарна лан а ца ло коьрта документаш.


 




ШолгIаниг – ахча-хьал, напха кароран некъаш. Оьрсийчохь цхьана вахархочун цIарах пачхьалкхо кхиош долу рицкъ Туркойчохьчул ши эзар долларна совдолуш делахь а, Къилбаседа Кавказера и терахь Туркойчохьчул кхузза лахара ду. Къилбаседа-кавказхой беха Туркойчуьра меттигашкахь тоьлла индустри ю, аьлча а, даймехкашка юхабирзича, эшаме долчу хьелашкахь баха безаш нисло царна – кхузза къен йолчу Кавказехь.


КхоалгIаниг – даймахкарчу нехан амалшца церан амалш кIезиг йогIуш хилар. Дукхахболчу репатрианташа леткъамаш бора соьга, шайх даймахкахь «туркой» олу, нах шайх ца кхета, бохуш. Цхьаболучарна ца тов дайн лаьттанаш тIехь баха бисина хилла бухара нах тIех сов "оьрсех тарбелла", къоман ламастех къаьстина хилар.


Оцу кхаа битамо новкъарло йо, оцу бахьаница ледара ду нехан даймахка юхагIертар. Цу тIе, цхьа а вац шайн Туркойчоьнца йолу зIе хадо а, иза даиманенна дIатаса а дагахь. Царна тIай хилла латта лаьа шина махканна юкъахь, шина агIонан гергарлонаш а чIагIдеш.


- Эмигрантийн цхьаьнакхетаралийн Оьрсийчоьнан политике болу хьажам цхьаъ бу я вовшашца къасталуш бу Туркойчохь?


 




- Кеп-кепара цхьаьнакхетараллаш ю цигахь, хьуна ма-хаъара, ткъа уггаре йоккханиг ю "Каффшед" – Туркойчуьрчу кавказхойн ассоциацийн федераци. 50 гIалахь ю цуьнан векалташ. Диаспорийн векалех лаьтташ елахь а – доккхачу декъанна чергазех – иза экаме ю Оьрсийчоьне болчу шен хьежамашца, генарчу даймахка боьду некъ Iалашбархьама хуьлу уьш иштта.


- Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах болчу вахча, хьо массо а хIуманал алсакм цецваьккхинарг хIун дара?


- Со цецваьккхинарг дара цара ма-хуьллу шайн цIий лардеш хилар, туркой балораш а, цаьрга боьлхурш дукха цахилар. Бу чергазичух а, абхазойх а. абхазойх а, гуьржех а, абхазойх а, хIирех а кхоллабелла доьзалш, амма къаьмнаш ларло шаьш дайна дIадовларх. Масала, 60 сов гIебартой юрт йолчу цхьана декъехь ХХ бIешеран 60-чу шерашкахь шинхьа къанойх гулам хIоьттина хиллера. Цара барт бина чергазийн мехкарий туркошка маре цабахийта.


Цхьана агIор, новкъа ду ассимиляци сихъелла йоьдуш, Туркойчуьрчу кавказхойн меттанаш бовш латтар, амма вукху агIор, со цецваьккхира Туркойчохь цара таханналц шайн къоман ламасташ дIа ца тосуш хиларо. Нохчийн Бозкурт юьрта ваханера со, суна цигахь бакъдолу нохчийн жижиг-галнаш даийра.


Абхазаша ларйо шайн апсуара – къоман гIиллакхаш, уьш таханлерчу Абхазина дицделлехь а.


- Ассимиляци хила мел кхераме ду тахана? Мухха а делахь а, Туркойчуьрчу кегийрхойн аьтто ма буй шайн Майкоперчу, Нальчикерчу, Черкесскерчу нийсархошкахула мотт шарбан.




 


-Сурт иштта ду ала тарло: 60 шо сов хан йолучара туркойн мотт а буьйцу, шайниг а буьйцу гIеххьачул. 30-50 шераш дерг кхета шайн маттах, амма шерра буьйцург туркой мотт бу. 30 шарал лахара волчунна шайн мотт ца хаьа, кхета а ца кхета, дукхахберш бу ишта, цара туркойн мотт бен буьцуш бац. Ярташкахь беха нах гIеххьачул хууш хуьлу шайн меттанаша, амма дахар доккхачу декъанна гIаланашка дирзина, мел контакт даймахкаца цара латтаяхь а, ненан меттанаш хаарца вуно ледара ду хьал.


- Александр, билгалдаккха лаьара суна, ненан меттанаш кегийрхошна ца хаьа боху ахь, беккъа дIа гIаланашкахь, Истамулехь, Хонкарахь, кхечу меттигашкахь беха кегийрхой буй ахь буьйцурш?


- ХIан-хIа, халахеташ делахь а, ярташкахь а ду изза хьал, ассимиляци ю тIетаьIIина шен болх беш.


- Чергазийн бизнес дикка кхиина ю Туркойчохь. Оцу агIор хьажча, цигарчу чергазашка, дагестанхошка, нохчашка мел гIодалур дара шайн даймехкашкара хьал тодеш?


- Бакъду, чергазашлахь а, кхечу кавказхошлахь а дика яьржина ю бизнес, цаьрга дуккха а инвестицеш хьийсалур яра Къилбаседа Кавказе. Амма ца го вайн и бизнесхой Кавказе лелаш. Цхьаъ делахь, Оьрсийчоь экономикан санкцеш кIел ю, бизнесхошна бIегIийла дац цига инвестицеш хьийсо. ШолгIаниг, Оьрсийчоьнанний, Туркойчоьнанний юкъаметтигаш йиллина гIоьртина лаьтташ нисделла, цхьа наггахь вовшашка йовхо айлахь а. Цу тIе, Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь йиллина еха коррупци. Инвесторша сане яц и меттигаш.


- ТIаьххьара хаттар, Александр. Туркойчуьрчу кавказхоша муьлш лору шайн къомах турпалш, хIун нах бу царна беза?


- Абахазаш ахь схьаэцча, царна турпалхой бу 92-93-чу шерашкахь Гуьржийчоьнна дуьхьаллаьттина абхазойн тIеман баьччанаш. Къаьсттина яхначу хенара Ардзинба Владислав. Чергазашна, Кавказан тIеман баьччанаш боцуш, беза бу таханлера жигархой - Яганов ИбрахIим, Кочесоков Мартин и Гуашев Руслан. Нохчашна турпалхой бу Кавказан тIеман бIаьхой а, тIаьххьарчу Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан тIамехь хьалхабевлла лелла нохчий а.


Шатайпа бовха безам бу Туркойчуьрчу къилбаседа-кавказхошкахь Шемал Имаме – массеран а, хуьлда уьш дагестанхой я кхиберш, Кавказан тIеман хиламаша цхьаьнатоьхна даьхна, дехаш а ду Къилбаседа Кавказера схьадевлла Туркойчуьра къаьмнаш.


Дуккха а дика агIонаш ю Къилбаседа Кавказера дIабахначу нехан диаспорийн – уьш бертахь, вовшашца уьйрахь еха, синбахамаллаш ю къаьмнийн вовшашца йозаелла. Юкъара бу даймехкашка болу хьогам а, царна диканиг хуьлийла лаар а. Диаспорашна вуно чIогIа оьшу шайн дайша битина мохк, даймехкашна а оьшу и нах. Хенан йохалла глобалан боларо доьллуш ду пачхьалкхийн дозанаш, кхуьуш ю зIенаш, чIагIлуш ду гергарлонаш – дерриг а хено тодийр ду аьлла хета суна.


***


Лаххара а ши миллион сов къилбаседа-кавказхой беха Туркойчохь. Царех дукхахберш бу адыгаш.


 

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net