Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


"Даим лаьттар дац хIара Iедал". Бакъонашларъярхо - Кавказехь байъинчу "тIемалойх "

Талламан комитете аьрзнаш чуделла ГIебарта-Балкхаройчохь вийначу пхеа стагах шиннан гергарчара. Цара доьху шайн нах стенна, муха байъина къастор.


Хупсергенов Хьасанби а, Баразов Анзор а, кхин кхоъ а вийра ГIебарта-Балкхаройчохь Товбецан-беттан 3-чу буса. Халкъан антитерроран комитетан версица, уьш "дагахь хилла терроран зуламаш дан". Шайга дIаволла дIавеллачу Хьасанбин дегIа тIехь гергарчарна карийна аьрташ лазийна, каггийна йоIзар, ток йиттина ларш, герзо даьхна Iуьргаш. Веле иза хьийзийна, чIагIдо цуьнан цIерачара.


Шаьш Талламан комитете дахьийтинчу аьрзнийн копеш хьийсийна чергарчара бакъоларъечу "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма иза реза яц и цIе шена тIеэца – ред.).


И санначу гIуллакхийн башхаллех, ГIебарта-Балкхаройчохь пхиъ вер муха толлур ду аьлла шена хета Кавказ.Реалиига дийцира "Мемориалан" куьйгалхойх волчу Орлов Олега.




–Хупсергенов Хьасанби и Баразов Анзор а муьлхачу хьелашкахь вийна къастор доьхуш Талламан комитете аьрзнаш яздале, гергарнаш рез хилла байъинчарна дуьхьал гIоттийна хилла гIуллакхаш дIакъовлийта. Ишта бен дIа ца делла цаьрга декъий. И нах байъинчарна таIзар дайта хIинца хала хир ду бохург дуй иза?


– Бакъ ду, Лигидова Эльмирас (Баразовх йисинчо – ред.) ша реза ю, шен цIийнда велла хилча, оцу хьокъехь гIаттийна хилла гIуллакх дIакъовлийта, аьлла, кехат яздина. Изза кехат чуделла Хупсергеновн гергарчара а.




Бехктакхаман гIуллакх дIакъовлийта нах лаамза резабеш хьийзина ницкъхой: и ца дича, декъий коше ца дерзадайтина. Делахь а, низамо некъ буьту тхуна а, гергарчарна а бакъо къовса, нах байъинчарна таIзар дайта. Амма вайн пачхьалкхехь лелаш долчу хьоло а хоуьйту пачхьалкхо ма-хуьллу духьало йийр юйла.


Байъинарш полицин белхахошна тIелетта аьлла айдина бехктакхаман дов дIакъовлуш нисло, амма керла сурт гучудолу декъий гергарчара лаьтте дерзо дIадаьхьча. ГIело йина хилар го декъешна тIехь. Цундела бакъо ю, хьалха айдина бехктакхамаш гIуллакхаш Iедалхошна дIакъовла гергарчара магийнехь а, вийна волчу пхеанна, уьш байъале гIело йина хилар гучудаларе терра, хьал талламе даккха. Цул тIаьхьа, нагахь санна ницкъхой бехктакхаме ийзо бух карабахь, айдан деза царна дуьхьал гIуллакх. Низамо иштта хьоьху талламчийн урхаллина.


Амма лелачу хьелашцка диллича, вайна хаьа хилларг ца листа талламо дерриг а лелор дуйла. Цара бохур ду, бух бац гергарчара дуьйцу зулам дина хилар тIечIагIдеш. И таллам байта бакъо вайна карийча а йийр ю талламо дуьхьало. Амма вайн а бу аьтто Европерчу адамийн бакъонашкахула нийсо лаха. Делахь а, цига кхачале, дов листийта деза пачхьалкхерчу кхелийн массо а тIегIанашкахь – иза вуно хала некъ бу. Вай кхето деза уггаре коьртаниг – низамашца еха пачхьалкх яц Оьрсийчоь.


– Оьрсийчохь низамаш, цхьана декъанна аьлча, ницкъхошна дуьхьал болх беш дац бохург дуй иза?


– Пачхьалкхан урхаллаш ницкъхоша ден зуламаш хьулдеш хьийзачу хьелашкахь лелаш дац низамаш. Мел хала делахь а, бехктакхаман гIуллакх айдайта аьтто болу, нагахь санна ницкъхоша дина зулам массо а системехь лелаш долчех дацахь, масала, полицехь лаьцначунна еттар. Иштачу меттехь, юкъ-кара, полисхочунна баккъал а набахтехь йоккху хан тохийталуш а нисло. Иштаниг далора тхоьга а, тхан коллегашка а.


Амма лерина операци дIахьо аьлла, ницкъхойн йоккхачу тобано дина зулам, Iедална ца безанах, еш кхел а йоцуш, байъар – иза таллийта хала ду, саботаж гIаттайо иштаниг цаталлийта. ХIунда аьлча, веккъа цхьа ницкъхо вац иштачохь бехке, лаккхара охьайогIу хьаькамийн система ю, мел лакхарчу хьаькамо зуламаш дан магийна кхеташ ца хилахь а – масала, зулам дарца дIахьош хуьлу леррина операци. Таханлерчу Оьрсийчохь иштачу зуламашна таIзар дайта хала карош хуьлу некъаш, я банне а бац уьш.


– "Мемориалан" балханна мел новкъа ю арахьарчу агентан статус?


– Ю дера новкъа, вуно чIогIа новкъа ю. Цхьадолчу хьолехь болх банне а ца балуш дуьту. Масала, тхуна дихкина тхайн векалш юкъараллерчу тергаман комиссешка хьийсор, церан могIаршкахь набахтеш, изоляторш тергонехь кхаба. Хьалха санна дац, оцу комиссешца цхьаьна полицин дакъошка, набахтешка кхочийла дихкина.


Бакъо яц тхан хIинца харжамашна тIехьежа. Дуккха ду дуьхьалдаьхна дехкарш. Кхушара арахецна кхин а цхьа дуьхьало 0 юстицин минитсраллин дIакъовла бакъо ю тхан муьлхха а программа. Муьлхачу буха тIехь иза деш ду а дац кхеташ. Цхьа бахьана цо дийца деза боху, амма муха – иза низамехь хьахийна а дац. Оха юстицин министралло аьлларг ца динчул тIаьхьа тхо кхелехула дIакъовла бакъо а елла. Цкъачунна иштаниг хилла меттиг яц, амма диг кхозуш-м ду тхан коьрта тIехула.




Цул совнах, оцу харц низамаша къастийначу некъан зеделларг а IаьIна кху ханна. Оха экспеташца кечъеш ойла, хьолан мах хадор, ден жамIаш халкъан мостагIаша деш долуш санна тIоьцу. Тхуна тIе ирча мухIар тоьхна. Цундела мостагIалла леладо тхоьца массо а Iедалан урхаллаша. Иштта доллушехь, низамо тхаьшна магош болу некъ дIа ца лелийча ца довлу тхо, масала, кхел а йоцуш нах байъича дуьхьал ца хIиттича ца довлу.


Цкъачунна иза оха лела а до, низамаша тхаьшна мел могуьйту. Амма мухIар тIетоьхна даьлла тхуна, массо а Iедалан хьукматашна хIинца шаьш дуьхьало ян еза тхан дехаршна, оха мел хазош долчунна аьлла хета. Низамашца иза тIечIагIдина дац, амма лелаш долу хьал иштта ду. Таханлера Путинан Оьрсийчоь – низам лелаш доцу пачхьалкх ю.


– ГIебарта-Балкхаройчохь хиллачух тера гIуллакх тергаме эцар нисделлий шун цкъа а шайн балха тIехь? Муха нисделла жамI?


– Цунах терачу цхьана гIуллакхца болх беш тхо долу ду масех шо. Нохчийчохь низамехь йоцчу набахтера 27 стаг вийна герз детташ, легаш дукъдеш Кадыров Ахьмадан цIарх йочу №2 полкан гIишлош чохь, Соьлжа-ГIалина юккъехь. Оьшу тоьшаллаш дерраш а санна гулдина девлла тхо. Масала, стенга вахана хууш дац, бохуш, къайлаваьхьначу цхьаьннан банкан карти тIера полкан территори тIехь ахча схьаэцнийла ду хууш.


Документашца тIечIагIделла цига лецначу нехан машенаш а дIакхачийна хилар, уьш полкан белхахоша шайна йитина хилар. Низамехь йоцчу набахтешкахь кхобу нах полкан кертахь гойту суьрташ ду тхоьгахь. Тоьшаллийн массо а кочар долуш ду.


И тоьшаллаш талламан урхаллашка дIа а кхачийна. Амма цхьа а бахьана а доцуш, тхан тоьшаллаш юьстахтоьтту, ца лаьа бехктакхаман гIуллакх гIатто. Аьлча а, толлу, дуккха а гулдина дов гIатто оьшу кехаташ, амма дац ш адов айдеш. Хьал кхеле чуделча, кхело талламчаша кечдинна кхеташа юьхьаръоьцу, нийсо ца хоржу, маьIна доццург до, пусар ца деш дуьту низам а, тхан тоьшаллаш а.




Иштта ду хьал таханлерчу Оьрсийчохь, халахеташ делахь а. Изза луьра дуьхьалонаш хIуьттур ю тхуна хьалха ГIебарта-Балкхаройчохь байъинчаьрца дерг къастош а. Амма иза дац оха болх сацо беза бохург. Цхьана йистте кхаччалц дIадаха деза тхо, тIаккха – Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхочур хир ду. Делахь а, ша хIара режим а яц даим яха еза аьлла. Цхьа хан йогIур ю тхоьга, тхешан шира документашна тIе а тевжаш, зуламхошна дуьхьал бакъо чекхъяккхалуш.


***


ГIебарта-Балкхаройчоьнан муфтиято дIахьедар дина мехкан куьйгалхочуьнга пхеа вахархочун валар таллар шен тергоне эцар доьхуш. Оццу юкъанна байъинчу нахах цхьаьннан вашас, Хупсергенов Ахьмада, дехна "Мемориале" шена кхерамзалла хьулуьйту некъ лахар – кхерамаш бу туьйсуш цунна а.


Загрузка...

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net