Краснодарехь герзаш диттинчу веа нохчочунна хенаш кхайкхийна
Бехкала хIиттийнера Нохчийчуьра схьаваьлла Габатаев Юсуп а, Нукманов ИбрахIим а, Мадаев Шамал а, Хамидов Халид а, ГIалгIайчуьра Кодзоев Шарип а. Уьш берриш а бехке бира, барт а бина, хацахьалеларна. Цул совнах, Габатаев бехкево, адаман могушаллина зен дарна а, харцахьалеларца стаг верна а. Ткъа Нукманов а, Хамидов а – стаг вен Iалашонца тIелатарна.
Иштта, Хамидовна дуьхьалдаьккхина герзашца вовшахтоьхначу боламехь латтар а, террорхойн зуламашна Iамар а.
"2014-чу шарахь Хамидов Шемахь Iаморашкахь хилла хилар а гучудаьлла, цо дакъалаьцна гIаттамхойн тобанехь", - хаам бина Кавказский узел интернет-ресурсе Къилберчу тIеман кхелан пресс-гIуллакххоша. И дерриг а чоьте а эцна, Габатаев Юсупна 17 шо кхачийна, Нукманов ИбрахIимна – 13 шо, Хамидов Халидна – 11 шо, Мадаев Шамална – 3,5 шо.
Карладоккху, 2019-чу шеран аьхка Краснодарехь Вишняковскан базарахь дов даьлла, леттера мел лахара а 30 стаг. Оцу инцидентехь герз тоьхна вийра меттигера вахархо, Дагестанера схьаваьлла Ванатов Ильяс, лазийнера кхи а ши стаг.
Полисхойн версица, "криминалан тасадаларш" хиллера уьш.
Кавказский узел хьостано яздира, Краснодарехь лецначу Мадаевс а, Хамидовс а хаам барх бакъоларъярхошка, шаьш каракхаьчначул тIаьхьа шайна еттарх а, ток йеттийтарх а.