Зуламаш лелорна таIзар динчу Нохчийчуьрчу вахархочо ша Кадыровн гергара ву олуш хилла
Маршо Радионо яздира кху беттан 20-чохь Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело набахтехь яккха тайп-тайпана хенаш кхайкхорах Нохчийчуьрчу веа вахархочунна. Нукманов воцург а, Хамидов Халидна а, Габатаев Юсупна а, Мадаев Шамална а хенаш тоьхна.
Бехктакхаман гIуллакхан материалашкахь билгалдаккхарца, 2014-чу шарахь Шемахь террорхойн тобанехь Iаморашкахь хилла ву Хамидов, ткъа цигара Оьрсийчу юхавеанчул тIаьхьа цо дакъа лаьцна герзашца хиллачу инцидентехь.
Вукху таIзаре хIиттиначаьрца цхьана Хамидов бехке ву герзаш детташ, дов къасточохь хиларна. Оцу зуламехь вийра цхьа стаг, чевнаш йира шинна.
Габатаев Юсупна 17 шо туьйхира шогачу хьолехь йолчу колонехь такха, Нукмановна – 13, Хамидов Халидна -11 шо. 3,5 шой кхайкхийра Мадаев Шамална. Кхелан пресс-гIуллакххоша кхеторехь, шайн бехкаш цхьана декъехь бен тIелаьцна дац цара.
Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Товбеца-беттан юьххьехь колонехь даккха 25 шо хан кхайкхийра Нохчийчуьрчу вахархочунна Тосуев Махьарбина, зуламхойн тобанехь Шелковс-кIоштахь ницкъхошна тIелатар дина аьлла. Пхи стаг вийра хIетахь, виъ милцо а цхьаьна.