Мессенджерехула хаам баржорна юьхьяьккхина вахархочуьнгара Нохчийчохь
И бохург ду, юьртахь бажа лалла меттиг а бац, ткъа шаьш долчохь даьхний кхаба элан цӀевнаш эца аьтто ца хилла цуьнан.
"Хьайна йол ца юхку аьлла, дегабаам а бина, видео дIа а язйина, группе яьккхина ахь? Хьан ца юхку хьуна? Вайн куьйгалхочо (Кадыров Рамзан – Редакцин билгалдаккхар.) магош ма ду бежнаш лелон а, ша а цхьана гIо деш ма ву иза, кхечу мехкашна а цхьана", - боху видео тIехь полицин куьйгалхочо.
Де хьалха Нохчийчохь юьхь яьккхира, интернетехь оппозицин агIонашка хьежарна меттигерчу веа вахархочун ницкъаллин структурийн белхахоша. Цаьрца леррина "профилактикан къамел деш" яьккхина видео гучуяьллера кIиранан дийнахь, Товбеца-беттан 11-хь "ЧП-Чечня" инстаграмерчу агIонехь.