Арахь токху хан тоьхна Краснодар-махкарчу ИК-9 набахтин белхахочунна
Талламна цуьнгахь карийна хилла 3 кийла марихуана. Оцу бахьаница кхело диъ шо хан кхайкхийна цунна, амма и хан а цIахь-арахь токхур йолуш.
Лермонтов гIаларчу кхело оццул а, оцу кепара а хан туьйхира къола дарх шеко йолуш лаьцначунна еттарна.
Оццу хенахь 7,5 шо хан набахтехь такха тоьхна Краснодар-махкарчу 63 шо долчу Ившин Александрна иза магош йоцчу " Иегован Тешаш" сектин дакъашхо хиларна. Талламо бахарехь, Ившина видеозIенехула шен накъосташца дийцаредина Библи.