Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

ТIаьххьара некъ. Муха дIабухку Францехь нохчаша шайн белларш?

ТIаьххьара некъ. Муха дIабухку Францехь нохчаша шайн белларш?

Европерчу пачхьалкхашлахь Францехь дIатаръелла ю уггар а нохчийн яккхийчех диспора. ХIоразза а цуьнан векал кхелхича, гергарчарна хьалха хаттар хIутту, хIун дийр ду -те: даймахка дIахьажор цуьнан дакъа лаьтте кховдо я Европехь дIавуллур-те олий. Махкахойх доьзна ца хуьлу гуттар а сацам тIеэцар, веллачун Нохчийчохь бехачу гергарчаьрца а, бевза-безачаьрца а дага а бевлла, дан дезаш хIума ду иза.

Мехаш кисанца догIуш ца хуьла

2001-чу шарахь Францера нохчийн диаспора хIеттахь вовшахъетталучу заманчохь цIе ца йоккхучу лазарх гIеметтахIоьттина зуда елира Парижерчу дарбан цIийнехь.

Цхьанна а ца хаьара, дан дезарг, муха, мичахь дIаюллур иза. Эххар а хьесап дира цара, цкъачунна Парижехь лаьтте кховдо, ткъа тIаьхьо цуьнан дакъа даймахка кхачон. ТIаьххьарчу ткъех шерачохь дуьххара нисделла хIума дара иза.

Стаг миччахь кхелхинехь а - хуьлийла иза Оьрсийчохь, Казахстанехь я Украинехь, - цуьнан дакъа лаахь а, ца лаахь а Нохчийчу кхачон дезаш дара. Махкарчу цхьахйолчу эвлахь долчу кешнашкахь, цуьнан гергарчу нахана гергахь дIаволла везаш вара иза. Веллачун дакъа даймахка дохьучара йина харж цуьнан гергарчара меттахIоттош Iедал дацара, хIоранна а декхар дара оцу тIехь гIо лаца.

Дукха хьолахь нислора цхьана совдегаро, аренца кхелхинарг вевзаш воцушшехь, шен чоьтах дIавуллуш. Нагахь санна, махкахой тIекхочучохь бацахь а, Нохчийчуьра веллачун гергарчех нах тIаьхьа богIура, шайн стеган дакъа цIа дахьа.

Амма замано а, Нохчийчохь тIаьххьарчу ХХ-чу бIешерашкахь хилла балане хиламаш бахьана долуш а дайшкара дуьйна схьадеанчу оцу ламастехь мел а хийцамаш хилла.

Масала, гоьваьлла нохчо, хелхарча, СССР-н халкъан артист Эсамбаев Махьмуд дIавоьллина Москварчу Даниловскерчу бусулбанийн кешнашкахь. Иза кхелхира, 2000-чу шеран Дечкен-баттахь, Соьлжа-ГIалахь тIемаш чIагIбеллачу муьрехь. Оцу бахьанашца цуьнан гергарчара сацам бира, Оьрсийчоьнан шахьарахь иза лаьтте кховдо.

Францера бусулбанийн кешнаш

Франци - ша дуьненан юкъаралла ю. Конфессешца декъна кешнаш дац кхузахь. Дукха хьолахь, католикийн лоруш долу кешнаш, ма-дарра аьлча, муниципалан хуьла. Цигахь яккхийчу гIаланашкарчу, дукха хьолахь, кешнашкахь цхьа дакъа хуьлу къастийна бусулбанашна а, иштта еврейшна а, буддисташна а хьажийна.

Амма муьлххачу бакъонехь а юкъахдаьккхина цхьа хIума нисло.

Масала, цаьрца ду ала тарло Францера православин ши кешнаш: Ниццера Кокад (Cimetière russe de Caucade à Nice) а, Ментонера оьрсийн (Cimetière russe de Menton) а. И кешнаш ишта дисаран бахьана ду, и латтанаш яхначу заманахь Оьрсийчоьнан империн долахь хилла хиларна. Ткъа "оьрсийн" кешнаш аьлла, Парижана уллорчу Сент-Женевьев-ду-Буара девзаш долу (Сimetière communal de Sainte-Geneviève-des-Bois) кешнаш муниципалан цIарах ду, цигахь дIабоьхкинчу католикийн терахь кеста дIанислур ду православин дин лелочаьрца.

Юкъардаьккхинчех ду ала тарло Парижана чувуллучуьра Бобиньи гIалара бусулбанийн (Le Сimetière musulman de Bobigny) кешнаш.

Еххачу хеначохь ша цхьаъ бен доцу кешнаш дара. Дуьненан Хьалхарчу тIамехь чевнаш хилла, оцу чевнех Авиценна олучу лазартнехь белла бусулбанаш дIабухкура оцу кешнашкахь. ХIетахь пачхьалкхана хьалха хаттар хIуттура, стенгахь, муха дIавуллур-те бусулба - тIеман ветеран олий. Цундела, 1937-чу шарахь цигахь схьадиллира йоллу пачхьалкхехь а цхьаъ бен доцу бусулбанийн кешнаш. ХХ-чу бIешерийн 90-гIа шераш доьрзучу заманчохь кешнийн статус хийцира, кхидерш а санна, муниципалан лерира уьш а.

ХIинца, Францин шахьаран массо а исламан дин лелон бахархой Парижана къилбехьа йолчу Тье гIалахь дIабухку. Кхузахь бусулбанийн кешнаш аьлла, цIе тоьхна масийтта дакъа ду, вукху декъах лекхачу баьццарчу коьллашца дIакъастийна.

Билгалдаккха догIу, Францехь стаг дIаволла каш даккха латтанах 10, 30, 50 шарна мах дIабала деза (цхьадолчу кешнашкахь 30 шо даьллачул тIаьхьа, кхи дIа йоллучу ханна эца а тарло). Цул тIаьхьа латта маьршадоккху, веллачун дакъа юкъарчу кешнашка дехьадоккху.

Масех шо хьалха Стасбургерчу туркойн аьтто белира Францехь шолгIа даккхийчех бусулбанийн кешнаш схьаделла. Цигахь стаг дIавуллург ши эзар евро гергга мах бу. Дакъа Нохчийчу дIакхачош кхин а масийттазза сов мах бала беза.

Даймахка юхавар

МухIажарш хиллачийн тIаьхьо белхан меттигаш нисъяларца а, ахчанца церан таронаш хиларца а, церан аьтто белира велларг даймахка дIакхачон лаам болчу цуьнан доьзална гIо дан.

2021-чу шарахь дуьххьара нохчинй зуда-мухIажар елча, диаспорано гIо дийхира пачхьалкхан коьртачу маьждиган урхалле, амма имама дуьхьало йира царна, "ша цунна доIа а дина, мел кхайкхор бу" аьлла, дош а луш. Цул тIаьхьа дуккхаъболчу регионалийн диаспораша вовшашна гIо дан Iалашонца касса схьайиллира, шаьш гулдинчу ахчанца велла стаг Нохчийчу дIавахьийта.

ХIора доьзал декхаре бара баттахь пхи евро оцу кассе охьадилла.

Иза гаранти хуьлура, нагахь санна, цуьнан чуьра стаг лахь, ахча лоьхуш, бевдда лела ца дезаш хиларан.

Дакъа дIадохьуьйтуш пайдаоьцу, оцу тIехь доккха зеделларг долчу яккхийчу Iарбойн я туркойн "страхованин" компанех.

Доккхачу декъанна, компанино накъосталла до велларг Оьрсийчоьнан я Азербайджанан дозане дIакхачош. Ялх эзар еврошна тIера бархI эзаре гергга мах бу оцу гIуллакхан.

Цул тIаьхьа дакъа гергарчеран кара кхочу, цара Дагестанехула Нохчийчу дIакхачаво. Веллачунна кехаташ Оьрсийчоьнан векалтехула кечдеш ду.

Иштачу хьолехь цара маса вовшахтуху оьшу документаш.

 

 

 

Гуттаренна а Францехь

Официалехь йиллина йолчу хьостийн информацица, тIаьххьарчу шерачохь Францехь 20 нохчо кхелхина. Кеп-кепарчу бахьанашца белла нах бу уьш, дукха хьолахь, цамгарех, коронавирусан уьнах а цхьана. Бу царлахь некъан бохамашкахь белларш а, цхьана стеган карах белларш а, хуьлийла иза ларамаза я хуъушехь.

Делахь а, хIинца а шайн болх дIашарбелла йоцучу нохчийн диаспорана лакхара ду и терахь, велларг даймахка дIакхачон. Цуьнца доьзна диаспорехь кест-кеста дийцаредо кхелхинарш Францехь дIабохкарх лаьцна.

Мелун гIалахь лаьтте кховдийра 2021-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь цамгарех велла ши нохчо.

Иза тамашен ду нохчашна, амма веллачун доьзалийн проблемаш лахйо цо.

 

Парижехь вехачу Эстимиров Нурдина хетарехь, нохчий Францехь дIабохка болабахь, даймахкаца йолу уьр дIахадар ду иза. Туристаш санна, Нохчийчу бахарал совнах, шен да-нана цигахь дIадоьллина дуй а хууш, шен берийн Нохчийчоьнца уьйр хила еза аьлла, тешна ву иза.

Нохчийн а, гIалгIайн а юкъараллашкахь дика вевзаш, лоруш волчу юкъаралхочо, Европерчу нохчийн Ассамблейн пресс-секретаро Албаков Шемала дуьйцу, динехь и стаг кхелхинчу меттигехь дIаволла магош ду, амма цатовриг ду, францхойн низамашца, веллачун дакъа дечиган яьшки чу диллар.

Оцу юкъанна, Албаковс чIагIдо, и дакъа яьшки чу диллале, бусулба динехь цунна тIехь дан доггIу гIуллакхаш деш хилар. Ишта маьждигехь ламазаш а цхьана до, веллачунна олий.

Францехь и стаг дIаволла, тешаш а болуш, дина весет хила деза оцу стеган я кехата тIехь дерриг а охьаяздина хила деза. Весет дацахь, кхелхинчун гергарчеран тIедилларца, иза дай баьхначу юьрта дIавига веза. Цо бахарехь, Стасбургерчу бусулбанийн кешнашкахь хIинцале а ву дIавоьллина масех Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а вахархо. Церан шайн лаам бара, Францехь дIабохкийта.

Францехь вехачу историкна, юкъаралхочунна Сулейманов Джамбулатана хета, коьрта проблема - нохчийн менталитетца ю аьлла. Царех дукхахберш тешна бу, шаьш Нохчийчохь дIадохка деза аьлла, цигахь ламаст ду хIора пIерасканан Iуьйранна кешнашкахь веллачунна тIехIуттуш. Цо тешам ло царна, шайн каш цкъа а тесна дуьтур дац аьлла, боху цо.

Францехь нохчий дIабухкучу хенахь сацам тIоьцу, цуьнан доьзал гуттаренна а кхузахь буьсур хилар, цара кешнийн доладийр хилар а аьлла, хета Сулеймановна.

И дерриг а тергоне эцна аьлча, нохчийн диаспоран цкъачунна шайн махкахой Францехь дIабухкуш хаттарх йист яккхар ца нисделлехь а, кхузахь нах дIабохкар доладелла. Хан-зама мел йолу оцу кепара сацамаш тIеэцар алсамдер долуш ду, схьагарехь.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Беглянка из Архангельска. 5-месячная хаски сбежала по дороге во Францию



VIP

Композитор Классической музыки Сергей Брановицкий представляет произведения классической музыки.






Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жителей Москвы предупредили об аномально холодной погоде





Путин в России и мире
Москва

Стало известно, кто из Томской области едет в Москву на инаугурацию президента


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил о мгновенном ответе Минска на любую агрессию




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Сергей Брановицкий

Рассылка Песни или Музыки на все Радиостанции России, СНГ и Мира, а также по всем СМИ России.



Москва

Земляки помогают раненым бойцам

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net