Ницкъхо верна кхеле озийна Нохчийчуьра полисхо къайлаваьлла лела
Нохчийчуьра полисхо Зубайраев Хизар 30-зза гергга кхайкхина кхеле, амма ца вахана цкъа а. Карелера лерринчу ницкъийн "Гром" тобанера 34 шо кхаьчна хилла Флегонтов Александр верна жоьпе ийзаво иза.
Нальчикера гIалин кхел иза варе хьийжира кху беттан 7-чохь хиллачу шен рогIерчу ладегIаршкахь а, боху "Медиазона" портало. Зубайраев цавар бахьанехь сацийна дов хаттар. Вийначун гергарчарна а, церан адвокатна а хетарехь, иза хан яхъян гIерта – шо доьрзуш, Дечкен-баттахь, жоьпаллах хьалха волу иза, шераш дIаихина хиларца доьзна.
Ларамза стаг верна бехкево полисхо. 2019-чу шеран ГIадужу-баттахь, полисхой деша хьажийначу Нальчикехь иккхира инцидент. Краснодаран унивреситетан меттигерчу филиале хьажийначу цхьацца меттигашкарчу 3I полисхочуьнца цхьаьна корматалла лакхайоккху вара Флегонтов.
Дешар доьрзучу муьрехь конфликт иккхира Саратоврчу а, Карелерчу а ницкъхойн Нохчийчуьрчу коллегашца. Нохчашна ца тайнера шайца цхьаьна бехачу цара маларш муьйлуш а, гIара еш а, цундела цара чуьра арабаьхнера уьш. Юкъарчу Iойлин учахь дIадахделлера дов, латаре дирзинера. Шаьш арадевлла, цIенна хьалха нисделча, 24 шо долчу Кадыров Ахьмадан полкерчу лелхийтаршкахула говзанча волчу Зубайраевс бетах буй тоьхна Флегонтовна. Цигахь, лохачу ламеш тIера охьавоьжча, корта лаьттах а кхетта, велла Карелера полисхо. Ши бер дисина цуьнан.
Нохчийчуьрчу полисхочо бехк хIеттехь тIеэцна шена, амма дуккхаза а хийцина ша ден дареш, массаза тоьхна, муха тоьхна бохучу тIехь. 2020-чу шарахь Флегонтовн нанна 600 эзар сом а, зудчунна 50 эзар сом а хьажийна цо, амма вукхара схьа ца эцна. Флегонтовх йисинчу зудчунна Маргаритина хетарехь, летачу хенахь, цуьнан майра охьавоьжча, Зубайраевс кхин а тIе йиттина цунна. Шина зудчо Нохчийчуьрчу полисхочуьнга шена-шена доьху цхьацца миллион сом.
Кавказ.Реалиино хьалхо яздина ма-хиллара, Карелера полисхо валарца доьзна Къилбаседа Кавказерчу полисхойн корматалла лакхаяккхаран институтера 12 белхахо административан жоьпе озийра Iедало.
Зубайраева Хизаран дов листа долийра 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь, оцу хенахь дуьйна ладегIаршка ваханза ву бехкевийриг.