Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 22 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 349
Коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах 22 пациент велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса, цомгуш хилла кхин а 349 стаг.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар кхеттачех 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а падеми йолаелчхьана схьа коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велларг ву 8880 стаг.
Ун кхетта нах массанхьачул дукха бу Краснодар-махкахь.
Краснодар-мохк + 104 (43 961 пандеми лаьттачу ерриг заманахь)
Ставропол-мохк + 94 (51 768)
Дагестан + 41 (31 691)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 32 (23 351)
ГIалмакхойчоь + 19 (20 244)
Къилбаседа ХIирийчоь + 13 (16 565)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (19 874)
ГIалгIайчоь + 12 (15 266)
Нохчийчоь + 11 (11 833)
Адыгей + 10 (14 263)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хааелла 248 816-зза. Ерриг а Оьрсийчохь, оперативан штабан Охан-беттан 15-чу денна болчу хаамца, шайца ун хааделларг ву 4 675 153* стаг.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера ковид-цамгаран хьелаш.