26 стаг кхелхина, 508 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь велла коронавирус шайца хааелла 26 пациент. Цомгуш хилла кхин а 508 вахархо.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгарх Краснодар-махкахь кхелхина 14 стаг, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь –шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официалехь 8004 стаг.
Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхетта нах Краснодар-махкахь – 140 стаг.
Краснодар-мохк + 140 (39 295 пандемин берриг муьрехь)
Ставропол-мохк + 135 (47 984)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 67 (21 400)
Дагестан + 41 (30 029)
ГIалмакхойчоь + 32 (19 214)
Кхарачой-Чергазийчоь + 30 (19 254)
Къилбаседа ХIирийчоь + 27 (15 864)
Адыгей + 14 (13 855)
ГIалгIайчоь + 11 (14 829)
Нохчийчоь + 11 (11 367)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь ун хааделла 233 091-зза. Оьрсийчуьра юкъара терахь ду коронавирусах цомгуш хиллачийн 4 312 181*.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.