UFC латархо, нохчо Чимаев Соьлжа-ГIала вахарна реза бац цхьаболу нах
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллина UFC-н Швецерчу латархочунна, нохчочунна Чимаев Хьамзатна, иза Соьлжа-ГIала вахарна а, цигахь иза маска йоцуш леларна а, яздо латархойн VMMA юкъарлонан сайто.
Цо бахарехь, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь маска йоцуш хилла Чимаев, уьнах лар ца луш мараветтавелла шена дуьхьалбаьхкинчу наханна.
Коронавирус бахьанехь тIаьххьарчу масех кIиранах юкъахйийлина Чимаевс дакъалаца деза ши турнир, дагадоуьйту Mmamania сайто.
Хьалхо Bloody Elbow журналан корреспондента Зидан Карима в Twitter машанехь критика йира Чимаевна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан волчу вахарна, Зидана диктатор лору Кадыров.
Чимаев Хьамзат схьаваьлла Нохчийчуьра. Масех шо ду иза Швецехь веха. Шен карьера йолалучу муьрехь буса болхбечу клубашна хадеш хилла иза, къахьегна Швецерчу цхьана фабрикехь а.