Ставропол-махкахь полисхо лаьцна стаг верах йолчу шеконца
ГIура-беттан 12-чу дийнахь Ставрополерчу яхархочо арздина шен 29 шо долу воI варах лаьцна. Пхи де даьлча гIалин йистерчу хьуьнхахь вийна карийна жима стаг, коьртах тоьхначу герзо йина чов а йолуш.
Стаг верах долу гIуллакх айдина полисхочунна дуьхьал.
Зуламан бахьана цчкъачунна хууш дац. "Кавказский узел" газето, Ставропол-махкарчу Талламан комитетерчу хьастанна тIе а товжуш бахарехь, полисхо лаьцна, дареш деш ву.